Дудаев Ахьмад: «Нохчийн Республикехь дехачу къаьмнийн хьашташ къаьсттинчу тидамехь ду»

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада дийцира регионехь йолчу къаьмнийн-культурин туьшашца а, автономешца а цхьаьна гIуллакхаш дарехь министерствон йолчу Iалашонех лаьцна.

Министра билгалдаьккхира, республикехь дехаш долчу халкъийн цхьа а хьашт тидам боцуш дуьсург цахилар.

«Тахана вайн тешшош ала йиш ю, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас 2000-чу шерашкахь хьалхахIоттийна Нохчийн Республикехь дехаш долу къаьмнаш цхьаьнатоха а, юкъаралла вовшахтоха а Iалашо юьззина кхочушхилла. ТIаьхьарчу шерашкахь республикехь дехачу къаьмнашна юкъахь цхьа а дов я цакхетар ца хилла», – билгалдаьккхира цо Нохчийн Республикин денна леринчу мероприятехь.

Оцу декъехь баьхначу кхиамаша вайна бакъо ца ло малдала, хIунда аьлча, къепе а, низам а талхорхьама дуккха а пачхьалкхашкахь пайдаоьцу къаьмнашна юкъахь мостагIалла тасарх.

«Бакъ долуш, и гIуллакх мехала ду тIейогIучу хенахь Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь юкъаралла кхин а чIогIа цхьаьнатоха. Вайн республикехь дехачу къаьмнийн-культурийн туьшийн лаамаш тхуна хууш бу, министерствон агIор царна тидам тIе а бахийтина, проблемаш дIаяхарехь дерриге а ду деш. ХIокху шарахь оха тхайна хьалхахIиттийначу Iалашонех ду къаьмнийн-культурийн туьшийн материальни-техникин дакъа кхиор. Иза тхуна тIедиллина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана. Ткъа оха иза лаккхарчу тIегIанехь кхочуш а дийр ду», – билгалдаьккхира Дудаев Ахьмада.

Л.ДАУТОВА
№68, товбецан (сентябрь) беттан 8-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: