Некъан-транспортан бохам хилла сурт а хIоттийна, Iамораш дIадаьхьира

Республикерчу Р–215 федеральни некъа тIехь, некъан-транспортан бохам хилла сурт а хIоттийна, цIеяйъаран-кIелхьарадахаран орцакхачоран Iамораш дIадаьхьира.

Iамораш дIахьош хьокъала йоллучу ведомствоша цхьаьна дIадахьа деза гIуллакхаш а, кIоштан цIеяйъархойн-кIелхьарадахархойн кийча хиларан тIегIа а теллира.

Уьш чолхе даьхнера, некъан-транспортан бохамехь ши машен, пассажирийн автобус, бензовоз вовшахкхетаран сурт хIоттийна.

«Бохам хилла» Р–215 федеральни некъан дакъа ГИБДД-н белхахоша дIакъевлинера, машенашна гуобаьккхина дIасаяха аьтто беш, некъ а тобина.

МЧС-н цIеяйъархоша а, кIелхьарадахархоша а «бохамехь» нисделла адамаш кIелхьара а даьхна, автоцистерна ца оьккхуьйтуш, цIе дIаяйъира.

Бохамийн медицинин туьшан белхахоша лазийначарна гIо дира.

Нохчийн Республикера некъаш дIакъовларан планаца нийса а догIуш, юкъаозийна бара сурт хIотторехь некъан-транспортан бохам хиларан тIаьхьенаш дIаяхаран ницкъ а, гIирсаш а.

Хьалха хIиттийна ерриге а Iалашонаш юьззина кхочушйира. Некъан-транспортан бохам хилла сурт хIотторан тIаьхьенаш дIаяха ницкъ а, гIирсаш а республикин некъаш лардаран планаца нийса а догIуш юкъаозийна бара.

Л.ИБАЕВА
№68, товбецан (сентябрь) беттан 8-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: