Тоьлларш – юха а нохчийн бераш

Iаьбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн Дубай гIалахь, дукха хан йоццуш, дIаяьхьира ментальни арифметикин дуьненаюкъара «WAMAS» олимпиада. 12 пачхьалкхера 300 бер дара цигахь дакъалоцуш. Нохчийн Республикера Россин цIарах цигахь дакъалоцуш яра ментальни арифметикин «ISMA» школин ши дешархо.

Оцу школин куьйгалхочух Альбиева Хьавах тешийра, олимпиада дIайолош, ламасте дирзина ма-хиллара, шайн пачхьалкхан байракх дIаяхьар, аьлча а, Россин цIарах Олимпиадехь дакъалоцучу командин байракх дIаяхьар.

Оцу хазачу кхоаца дIаболийна некъ чIогIа беркате чакхбелира — вайн републикерчу шина а дакъалацархочо совгIатан меттигаш ехира.

Ментальни арифметикин дуьненаюкъара «WAMAS» олимпиадехь шен хенара долчу берашна юкъахь, 6 шо долчу, хIинца а школе яхаза йолчу Смайлова СоIадас хьалхара меттиг яьккхира, 10 шо долчу Магомадова Маккас шен хенара долчу берашна юкъахь шолгIа меттиг яьккхира.

«Пандеми бахьанехь, ши шо гергга хан яра тхо ишттачу яьккхийчу олимпиадашкахь дакъалаца йиш йоцуш долу. Оццул хан яьлла, кхуза даьхкина долуш, сан шина а дешархочо совгIатан меттигаш яхар суна боккха юьхькIам бу вайн халкъана а, республикина а хьалха», – бохура Альбиева Хьавас.

Нохчийн Республикин цIарах дуьненаюкъарчу «WAMAS» ассоциацин декъашхо хаьржина Хь.Альбиева. Ментальни арифметика кхиорехь жигара дакъалацарна совгIат а дина цунна.

Дукхахйолчу пачхьалкхийн школашкахь ментальни арифметикех пайдаоьцу дукха хан ю. Берийн хьен ший а агIо кхиайо оцу дешаро. Хьен цхьана агIоно дагардешшехь, вукху агIоно логикин ойла йо. Цундела сихха жоп карадо.

Математика кхиорехь санна, кхечу Iилманашкахь а кхиар дика хуьлу оцу берийн. Тахана, вайн пачхьалкхехь, долахь йолчу школашкахь бен хьоьхуш яц и программа. Цундела и программа Iамо лууш верг шен чоьтах цига деша воьду.

ВЕГИЕВА Макка
№68, товбецан (сентябрь) беттан 8-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: