ХIокху деношкахь Курганехь къорачарна а, лерса ледара долчарна а юкъахь армрестлингехула Россин чемпионат дIаяьхьира.

Къийсадаларш вовшахтоьхнера Къорачеран ерригроссин спортан федерацис. Къоман «Демографи» проектана юкъайогIучу «Спорт – дахаран кеп» федеральни проектан гурашкахь дIаяьхьира иза.
Чемпионат дIаяхьаран Iалашо яра армрестлинг кхиор, армрестлингехула Россин вовшахтоьхна команда вовшахтохар.
Цигахь яхь къовсуш вара Пачхьалкхан бюджетни «Ламан Аз» спортан кепех волийтаран школин» масийттазза Россин а, дуьненан а чемпионаташкахь тоьлла хилла волу ворхI Iамархо.
Вайн командо цигахь дакъалоцуш хиллачу итт командина юкъахь 2-гIа меттиг яьккхира, 3 дашо а, 1 дато а мидал йоккхуш.
«Чемпионатехь вайн командо тIехдика жамIаш гайтира. Бакъдерг аьлча, кхачамбацарш дара, уьш дIадахарехь тренерша а, командо а леррина болх бийр бу. Ткъа хIинца хьалхахьа дIа а доьлхуш, толамаш бохуш ду тхо. ТIейогIучу хенахь рогIера муьран турнираш а, къийсадаларш а хир ду. Тешна ву цигахь а тхан Iамархоша шайн хьуьнарш гойтург хиларх. Даггара лаьа уьш кхин а лакхарчу кхиамашка кхочийла. Ткъа оха дерриге а хьелаш кхуллур ду уьш толаме кхачийта!», – элира ПБУ «СШ АВС «Ламан Аз» директора С.А.Динаевс.
Л.РАГИМОВА
№68, товбецан (сентябрь) беттан 8-гӀа де