Россин Правительствон Председателан заместитель Новак Александр Соьлжа-ГIалахь цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца. Цара дийцаре дира Нохчийн Республика социальни-экономикин кхиоран гIуллакхаш.

Ша аьлча, къамел хилира белхазаллин проблема дIаяккхарна, промышленни-производственни «Соьлжа-ГIала» кепара экономикин къаьсттина зона яран рогIера мур дIабахьаран, берриге а муьрийн «Ведучи» лаьмнашкахь когсалазаш хехкаран курорт яран, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу дуьненаюкъара аэропорт яран гIуллакхаш цхьаьна кхочушдаран хьокъехь.
Цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш вара иштта Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим, Россин экономика кхиоран министран заместитель Назаров Сергей, Нохчийчоьнан экономика а, мохк а кхиоран, махлелоран министр Сатуев Бехкан, кхиболу официальни нах.
Р.Кадыровс билгалдаьккхира лаккхарчу тIегIанехь федеральни правительствоца цхьаьна гIуллакхаш а деш, республика болх беш хилар. Регионо иштта кхиамца кхочушдеш ду къоман проекташкахь билгалдаьхна декхарш.
«Шуна хууш ма-хиллара, тхо кхиамца, беркате болх беш ду Россин Правительствоца. Къоман проекташкахь билгалдаьхна декхарш дерриге а кхиамца кхочушдеш ду, цу юкъахь республика кхиоран экономикин модель кечъяр а долуш», – элира цо.
Цуьнца цхьаьна, республикин Куьйгалхочо билгалдехира цхьамогIа проблемни гIуллакхаш а, мехала декхарш а. Оцу хьокъехь буьззина хаам бира Хучиев Муслима.
Цо тидам тIебахийтира уггаре а хьалха кхочушдан дезачу мехалчу гIуллакхашна: промышленни-производственни «Соьлжа-ГIала» кепара къаьсттина экономикин зонин рогIера мур кхочушбарна, берриге а муьрашкахь когсалазаш хехкаран «Ведучи» курорт ярна, Соьлжа-ГIалахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах дуьненаюкъара аэропорт ярна.
Иштта, хьахийра микрофинансийн кхаа организацина (докапитализаци) кхитIе а капитализаци яран а, битуман завод яран а, цхьамогIа кхин проекташ кхочушъяран а гIуллакхаш.
И гIуллакхаш, проекташ кхочушъяро таро лур ю белхазалла дикка лахъян а, регионан экономика кхион а.
Новак Александра билгалъяьккхира федеральни правительствос оьшуш долу гIолоцур долу исс проект. Уьш кхочушъяро таро лур ю белхан керла меттигаш кхолла, гIо дийр ду республикин экономика кхиорна, инвестицеш юкъозорна.
Кадыров Рамзана баркалла элира Новак Александрана регионна мехала йолу проблемаш дIаяхарехь гIо дарна а, тидам барна а.
«Со тешна ву вай цхьаьна гIуллакхаш даро кхул тIаьхьа а цхьамогIа социальни-экономикин декъера декхарш кхочушдарехь гIо дийриг хиларх а, Нохчийн Республика Россин къилбехь уггаре а кхиъначу регионех цхьаъ йина дIахIотто таро лург хиларх а. Цуьнга кхачархьама дан тарлуш дерг дерриге а дийр ду оха», – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
Д.АНАДЕВ
№68, товбецан (сентябрь) беттан 8-гӀа де