Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а хаамийн урхалло дIахьош ду Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дIадолорца вовшахтоьхначу министерствийн балхах лаьцна дийцар.

РогIера материал лерина ю Нохчийчоьнан Администрацин Куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас 2001-чу шарахь кхоьллинчу республикин туризмехула йолчу комитетана.
СССР йолчу хенахь туристашна чIогIа езаелла меттиг яра Нохчийчоь. Иза евзаш яра хьаша-да везаш тIеоьцуш хиларца.
Туристашна юкъахь къаьсттина цIеяхна яра республикин лаьмнашца йолу кIошташ а, цигара садоIу меттигаш а. Россин уггаре а ширачу бальнеологин курортех цхьаъ яра «Серноводск-Кавказский». Ерригсоюзан (статус) маьIна долуш курорт яра иза.
Оцу шерашкахь а санна, хIокху деношкахь а дика бевзаш бу Нохчийчоьнан а, Дагестанан а дозанехь болу Къоьзан-Iам. Даима а шена туристаш, талламхой, спортсменаш тIеийзош хилла бу иза. Советийн заманахь кхузахь гIикх хехкаран СССР-н Олимпийн командин база яра.
Лаьмнийн буьрсачу хьелашкахь шаьш зен лууш болчу кегийрхошна езаелла яра лаьмнашкара маршруташ. ХIетахь Гуьржийчоьнца долу пачхьалкхан доза билгалдаьккхина дацара. Цундела, Нохчийчуьра дIа, ерригсоюзан туристийн маршруташ Чоьхьарчу Кавказехула (Закавказье) дIайоьлхуш яра.
Регионехь хиллачу тIеман шина кампанис Iаламат чIогIа вон тIеIаткъам бира Нохчийчоьнан туристийн индустрина а, цуьнан материальни бухана.
2000-чу шерийн юьххьехь цхьанна а дага а ца догIура, цхьаммо а эттехьа а ца дуьтура, регионан экономикин кеп санна, туризм кхион еза бохург.
Юкъараллин-политикин кегари болчу, адамийн дараш тIех дукха долчу, экономика йохийна йолчу хьелашкахь и дакъа когахIоттор дукхе дукха хала, кхочушдалур дац аьлла хеталуш, декхар дара. ХIетте а, Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа тешна вара республикехь машар а, синтем а хирг хиларх.
И машар а, синтем а вайн республике парггIат, шайн дахарна кхерам хиларна а ца кхоьруш, хьеший бахка буьйлабелча, Нохчийчоьнан хьокъехь йолу ойла хийцаелча хир бу бохура Ахьмад-Хьаьжас.
«Туризм» боху дош Нохчийн Республикин Администрацин Куьйгалхочун А-Хь.Кадыровн 2001-чу шеран кхолламан (январь) беттан 27-чу дийнахьлерчу сацамехь хьахийна ду. Нохчийчохь кхоьллинчу кхочушдаран Iедалан органашна юкъахь ю физически культурин а, спортан а, туризман а министерство.
Вайн республикин туризман министра Байтазиев Муслима дагалоьцура 2009-чу шарахь хилларг (КТО-н раж дIаяьккхина шо ду иза) — Волгоград–Дербент экспедицин дакъалацархо волчо цо шен доттагIашка маршрут хийцийтира, дехарш а дина. Соьлжа-ГIала баьхкира уьш.
«Санкт-Петербургерчу оцу экстремалашна а ур-атталла чIогIа хала дара, республикин дозанал сехьа довлуш шайн кхерар хьулдан, эшон. Квадрациклаш тIехь дуьххьара Соьлжа-ГIала еана а, исс стагах лаьтта а туристийн тоба яра иза. Меттигерчу бахархоша чIогIа дика тIеийцира тхо. Оцу сохьта тедевидени а дигира. Цул тIаьхьа и кегийрхой юх-юха а богIура кхуза», – дагалоьцу цо.
2009-чу шарахь, метта а хIоттийна, схьайиллира дарбанашлелоран-могашалла меттахIотторан «Серноводский» санатори.
Цигахь дарбанаш леладо зорхин-чуьрийн лазарш долчарна, меженаш лозучарна, нервологин, дерматологин, урологин цамгаршна. Регионан туризман дакъа когахIотторехь яьхна хьалхара гIулчаш яра уьш.
Туризм кхиорна бегIийла хьелаш кхолларан Iалашонца Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2013-чу шеран кхолламан (январь) беттан 10-чу дийнахьлерчу шен указаца Нохчийн Республикин Правительствон туризман комитет кхоьллира. Ткъа 2018-чу шарахь оцу комитетах министерство йира. Республикин кхочушдаран Iедалан уггаре а къона орган хилира цунах. Тахана оцу ведомствехь болх беш, шен гIуллакхна охIла а волуш, 22 белхахо ву.
Официальни статистико гойтуш ма-хиллара, республикин валови продуктех туризмо цкъачунна 3–4 процент ло.
«Тхан Iалашо ю и гайтам 10 проценте кхаччалц лакхабаккха. Цхьадика, Россин Федерацин Правительствос а, иштта Iалашонаш а, декхарш а хьалхахIиттадо Ростуризмана. Иза дац тIаккха Кадыров Ахьмад-Хьаьжа генна хьалха хьоьжуш хилла хилар, цунна гуш хилла республике хьовса дахка лууш бIеннаш эзарнаш адамаш хирг хилар, тIаьххьарчу чоьтехь иза республикин бюджет дикка тIеюзаран дакъа хилла дIахIуттург хилар?», – билгалдаьккхира М.Байтазиевс.
Нохчийчохь туристийн 151 официальни маршрут ю. Царна юкъахь лаьмнашкахула гIаш, вилспеташкахь некъаш даран маршруташ а, ткъа иштта джип-тураш а ю. Башха маршруташ ю республикин аренашца йолчу меттигашкахь а. Таханлерчу дийнахь йохкуш керла маршруташ а ю.
Шеко йоццуш, Кадыров Рамзанан хьуьнар бахьанехь хуьлуш ду иза министра дийцарехь. Масала, Нохчийчохь уггаре а хаза болчу ГаланчIожан Iома тIекхача вуно чIогIа хала дара.
Верг-Ломан къилба агIор, хIурдан тIегIанал 1 533 метр лакхахь бу и Iам. Цига боьдучу новкъахь галйовлура ур-атталла «Нива» машенаш а. Тахана кхин хьал ду. ХIинца оцу Iома тIебоьдуш дика некъ бу. Иза биллина Нохчийн Республикин Куьйгалхочун тIедилларца, ГаланчIожан кIошт меттахIотторан гурашкахь.
«Нохчийн Республикехь туристийн аьтто бу шайна езза садаIаран кеп харжа, цу юкъахь уггаре а экстремальни а, кхузаманан а. И бахьанехь регионе туристаш бахкар, шо-шаре мел дели а, дукхазза а алсамдолуш ду», – бохура М.Байтазиевс.
Къилбаседа Кавказан федеральни округехь уггаре а яккхий таронаш а, тIаьхьалонаш а йолуш ю берриге а муьрийн туристско-рекреционни «Ведучи» курорт туристийн проект.
Кхул тIаьхьа билгалдеш ду цигахь юкъара йохалла 16 километр йолу лаьмнашкахь когсалазаш хехкаран 15 некъ бар, кхузаманан болатан машийн некъаш дахкар, кхийолу объекташ яр.
Россин лаьмнашкахь когсалазаш хехкаран спортан а, сноубордан а федерацерчу спортсменийн кхузахь гуламаш дIабахьа аьтто хир бу. Министра дийцарехь, шега къаьсттина доккха хьашт-дезар долуш ю туристийн «Къоьзан-Iам» комплекс, Органан чIож, Бена, ГаланчIожан а, Веданан а кIошташ.
Туризм кхиорхьама герггарчу хенахь билгалдеш ду туристийн-самукъадаккхаран «Къоьзан-Iам» комплексехь лаьмнашкахь когсалазаш хехкаран курорт яр, цул тIаьхьа иза къаьсттинчу экономикин «Ведучи» зонех дIа а тухуш.
И бахьана долуш, республика федеральни туристически карти тIе ер ю, муьлххачу а муьрехь чоьхьарчу туризмах уггаре а коьртачарах цхьа некъ а хир бу иза. Иштта, сихачу боларшца меттахIиттош ю культурин тIаьхьалонийн объекташ. Дукха хан йоццуш схьайиллина Шаройн кIоштара историн-архитектурин комплекс. Оцу юкъахь ю юккъерчу бIешеран 100 объект. Хьалха хиллачу суьртехь меттахIоттийна тIеман 7 а, чохь Iаш йолу 25 а бIов, 300 стеган жамаIатехь Iамал-Iибадат дан аьтто хир болу маьждиг а.
ТIеттIа шуьйра евзаш, гIарайолуш ю туризман а, дика садаIаран а «Шашлык-машлык» дуьненаюкъара фестиваль. Иза Россин гастрономин тоьллачу (Топ–10) итт хиламна юкъайогIу. Цул кIезиг евзаш яц хьонканан «Honk Fest» фестиваль. ХIокху шарахь оцу фестивало Соьлжа-ГIали юккъехь вовшахтуьйхира 32 эзар стаг. Царна юкъахь бара хьонка (жахар) безаш берш, Кавказерчу кхачанийн мах хууш берш, Россин тайп-тайпанчу регионашкара туристаш.
2019-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь «Соьлжа-ГIалин хIорд» туристийн комплексехь дIаяьхьира Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу «Къилбаседа Кавказан кубок» цIе йолу берийн гатанан гIитийн регата. Цигахь дакъалецира мехкан 11 яхт-клуберчу 83 яхтсмена. Циггахь хин шоу а хилира, 39 экстремаласпортсмена дакъа а лоцуш.
Оцу мероприятис Russian Event Awards 2012 хиламийн туризман декъехь къоман премин Гран-При яьккхира «Берийн тоьлла туристически хилам» номинацехь. Цуьнца цхьаьна, Нохчийчохь бIаьрла хилам а хилира иза.
Министра аьлла ма-хиллара, тIейогIучу хенахь билгалдеш ду туристийн объекташка транспорт лелар тодар, мехала маршруташ алсамъяхар, кхочушдеш долу хьашташ алсамдахар.
ТIаьхьарчу хенахь регионехь дуккха а керла гидаш-экскурсоводаш юкъабевлла шайн гIашлойн маршруташца. Тайп-тайпанчу соцсеташкахь кегийрхойн тобанаш кхоьллина. Юкъарчу хьашташа, лаамашца, дезарша цхьаьнатоьхна уьш: талла лелар, чIерий лецар, гонахарчу Iаламах ирс эцар.
Министр тешна ву нохчийн халкъан исторехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а, Кадыров Рамзан а волуш бен, цхьана а кепара доза деттар а доцуш, парггIат вайн махкахула лела маьрша хилла цахиларх. Иза хьакхалуш ду дозанан зонех а.
Меттигерчу Iедалца барт а бина, уьш дIахилийна Гуьржийчоьнан дозанна юххе. Нагахь санна, хьалха оцу зонех чекхвалархьама леррина пропуск хила езаш хиллехь, хIинца Россин гражданинан паспорт хилча а тоьаш ду.
Республике богIучу хьешийн барамах лаьцна аьлча, М.Байтазиевс дийцарехь, вовшахкхетта богIуш болу туристаш багар бан аьтто белахь а, «акха» туристийн Росстато хьесап ца до. Цу тайппана, 2019-чу шарахь республике 220 эзар стаг веара, царах 100 эзар – официально.
Стохка туристаш кхин а алсам хир бу аьлла хеташ дара. Делахь а, пандемис шен хийцамаш бира. Иза хьакхалуш ду дозанал арахьарчу туристех а. Церан а кхуза бахка аьтто ца белира ун бахьанехь.
«Тхан юххера зIенаш ю регионашкарчу коллегашца, къаьсттина Москварчу а, Санкт-Петербургерчу белхан накъосташца а. Герггарчу Малхбален мехкашкахула «Роуд-шоу» дIаяхьарехь цхьаьна дакъалаца дагахь ду тхо. Дукха хан йоццуш, Москван туризмехула йолчу комитетаца цхьаьна оха презентаци йира Оманца, Бахрейнца, Кувейтаца, ОАЭ-ца, СаIудийн Аравица, Катараца йолчу Нохчийчоьнан туристийн тIаьхьалонийн. Презентаци видеоконференцин кепехь дIаяьхьира. Тхоьга ладугIуш яра Россехь болх беш йолу бIе гергга агентство. Оцу пачхьалкхех дукхахйолчарна электронни визаш хуьлуьйтур ю. Цо мехала маьIна лелор ду визаш ялар аттачу даккхарехь а, Герггарчу Малхбалера туристаш тIеозорехь а», – элира министра.
С.ХАМЗАТОВ
№68, товбецан (сентябрь) беттан 8-гӀа де