Нохчийчуьра делегаци Шемарчу Омейядийн маьждигехь хилира

Нохчийн Республикин Iаьрбийн а, бусалба а мехкашкахь волу векал Даудов Турко хьалха а волуш, Нохчийчуьра делегаци Шемин Iаьрбийн Республикин Алеппо шахьарахь долчу Омейядийн ширачу маьждигехь хилира.

Даудов Туркос билгалдаьккхина ма-хиллара, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо шена телецира бусалбанашна йоккха сийлалла йолу, историн маьIне долу и маьждиг меттахIотторна оьшу харжаш яр. ТIемаш болчу хенахь маьждиг чIогIа дохийна дара.

ГIишлошъярхоша нохчийн делегацига маьждигехула жимма экскурси яйтира, дийцира меттахIотторан балхах лаьцна.

«Рестовраторшна цхьа шо бен ца ийшира лелхарша дIасакхийсина чхараш схьагулдан а, муьлхарниг мичахь хилла къасто а, царна маркировка ян а. Ширачу суьрташца буттуш бу тIулг, иштта оцу суьрташца меттахIоттош ю (фасад) маьждиган хьалхе а. Ткъа маьждигана чоьхьа хилла бустамаш меттахIиттош бу Iаьрбийн культурин музейрчу суьрташца», – дийцира Алеппо гIалин вакуфийн хIуманийн департаментан хьаькама доктора Рами аль-Iубайда.

Алеппон сийлахь-доккха маьждиг, Омейядийн маьждиг Шемахь уггаре а ширачех ду. Мамлюкийн муьрерчу, ХIII-чу бIешарерчу сельджурийн момсаран а ду 1090 шо. Кхузахь ду пайхамаран Закаръян (Делера салам хуьлда цунна) зерат.

Сийлахьчу маьждиган ша къаьстина лаьтташ йолу 45 метр лекха момсар 1090-чу шарахь меттахIоттийра Iабул Хьасан Мухьаммада. И маьждиг, шор а деш, меттахIоттийра 1169-чу шарахь Нур эд-Дин Зенгида, йоккха цIе а яьлла, даьгначул тIаьхьа.

ЮНЕСКО-н дерригдуьненан тIаьхьенашна юкъахь ду хIара маьждиг.

Нохчийчуьрчу делегацин декъашхой пайхамаран Закаръян зератехь а хилира. Иза маьждига чохь ду. Зерат тодина даьлла.

«МеттахIоттийначул тIаьхьа тхуна дуьххьара схьайиллира зератан неIарш. Оха цу чохь ламазаш а дира, Пайхамаран (Делера салам хуьлда цунна) коша хьалха доIанаш а дира», – бохура Даудов Туркос.

Хь.САИДОВ
№69, товбецан (сентябрь) беттан 11-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: