Нохчийн технологически техникумехь ингалсан маттана лерина цхьаьнакхетар хилира 10-чу июнехь.
Суьйре вовшахтохаран тобанан векалша дийцарехь и гIуллакх даран Iалашо яра студентийн ойла ингалсан маттана тIеяхийтар а, ингалсан культура, гIиллакхаш довзийтар а.
Суьйре йолаелира Ингалсан пачхьалкхан историн а, культурин а хIолламех йолу фильм гайтарца. Цул тIаьхьа техникуман 3-чу курсан студенткас Бадаева Аминас «Великобританин истори» аьлла, студентийн хаарш зуьйш викторина йира. Студенташ дика кечам бина хиллера оцу викторинина.
Цул тIаьхьа «Ингалсан меттан урок» аьлла йолу комедин инсценировка хIоттийра забаречу номершна даима а тIера болчу студенташа. Цуьнан чулацам иштта бу, нохчийн школехь дIайоьдучу ингалсан меттан уроке йогIу Ингалсан паччахь Елизавета II-гIаниг. Эццахь долало дагахь а доцург: паччахьца къамеле вала хьожу хIора дешархо, амма адам кхетар долуш нийса хаттар а, жоп а ца далло.
Шайн дагахь гуттар нийсаниг олу а моьттуш, тIех беламе хуьлий чекхдолу церан къамел. Ингалсан мотт, дешнаш, церан маьIна шен хеннахь ца Iамийна хилар бахьанехь юьхьIаьржа хIуьтту дешархой. Инсценировка музыкальни композици ялош чекхйоккху цара.
Студенташа шайн вокальни говзалла гайтира «I am MusIi m» (Со бусалба ву) илли аларца.
Иштта ингалсан маттахь « I qift of life» (дахар – совгIат ду), «Funny Lnqlish» (Самукъане ингалсан мотт) байташ йийшира студенташа. Юха а йоцца викторина йира «англицизмех» лаьцна. (Вайн матте даьхначу ингалсан меттан дешнех лаьцна). Студенташна дика хууш хиллера уьш, шайна оьшучохь царах пайда оьцуш а хиллера. Цхьаболчарна оьрсийн ду моьтту масала «зафиксировать», «миксер», «стоп» боху дешнаш.
Уьш ингалсан маттера тIеэцна ду. Зафиксировать «fix» дашах схьадаьлла – цуьнан маьIна тIелатон бохург ду, «mix» бохург кегадар бохург ду, иштта дерриге а 200 гергга дош ду ингалсан маттера тIеэцна.
Суьйре чаккхене яхча «Дека сан аз» музыкальни проектан дакъалацархочо Борзукаева Хедас ингалсан маттахь йиш лекхира.
Техникуман ингалсан меттан хьехархочо Бакашева Алинас дийцарехь студенташна боккха пайда белира оцу суьйренах. Цара шайн хаарш совдехира, ингалсан маттахь байташ ешарца а, эшарш лакхарца а сценан говзаллин къайленашка кхевдира. Иштта суьйренаш – цхьаьнакхетарш кест-кеста вовшахтохар пайдехь хир ду. Ингалсан мотт кхин а кIорггера бовза кхоллабеллачу хьогамца дIасакъаьстира студенташ.
З.ХИЗИРОВА
Авторан сурт
№ 66, шинара, 16 июнь, 2015 шо