Товбецан (сентябрь) беттан хьалхарчу дийнахь дуьйна болх бан йолаелла Ерригроссин «Пушкинан карта» культурин проект.
Оцу проектехь дакъалоцуш ю Нохчийн Республикин цхьамогIа культурин учрежденеш. Товбецан баттера гIуран (декабрь) бутт чакхбаллалц дIаяхьа кечйина программаш ю церан.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу «Сийлаллин Аллей» мемориалан комплексан программа: Дийнна товбецан баттахь «Зеран бутт» гайтам дIахьур бу, эсаран (октябрь) баттахь тайп-тайпана экскурсеш дIахьур ю; эсаран беттан 4-чу дийнахь – «Сан гIала – сан дозалла» суьртийн гайтам; оццу беттан 11-чу дийнахь «Музейн хIолламаш бовзийтар» практикин дарс хир ду; ткъа 25-чохь «Кавказан сурт» гайтам дIахьур бу, дийнна лахьанан (ноябрь) баттахь – суьртийн галерейхь экскурсеш.
I.Шахбулатовн цIарахчу нохчийн пачхьалкхан филармонин программа: товбецан беттан 29-чу дийнахь 18:00 сахьт даьлча божарийн «Илли» хоран капеллин «Дека сан илли!» сольни концерт хир ю; эсаран беттан 7-чу дийнахь 17:00 сахьт даьлча – симфонин оркестран «Симфонийн аьзнаш» концерт; 20-чу дийнахь 18:00 сахьт даьлча мехкарийн «Фирдавс» хоран капеллин сольни концерт; 26-чу дийнахь 18:00 сахьт даьлча – нохчийн эстрадин артистийн «Соьлжа-ГIалахь – гуьйре» концерт; лахьанан (ноябрь) беттан 3-чу дийнахь 18:00 сахьт даьлча – филармонин ветеранийн «Дагалецамаш» концерт; 12-чу дийнахь 18:00 сахьт даьлча – «Грозный» тобанан сольни концерт; 23-чу дийнахь 18:00 сахьт даьлча халкъан оркестран Д.Тунтаевн а, Х.Асхабован а концерт дIахьур ю; ГIуран (декабрь) беттан 3-чу дийнахь – Еснакаева ПетIаматан сольни концерт; 6-чу дийнахь 17:00 сахьт даьлча – Эсамбаев Iийсан а, берийн «Ихьсан» студин а нашидийн суьйре; 10-чу дийнахь 17:00 сахьт даьлча – къоман иллийн «Нур-ЖовхIар» ансамблан сольни концерт; 22-чу дийнахь 17:00 сахьт даьлча – «Музыкин говзанчаш» концерт; 26-чу дийнахь 18:00 сахьт даьлча – «Самукъане суьйре»; 27-чу дийнахь 18:00 сахьт даьлча – Россин Федерацин хьакъйолчу артисткин, Нохчийн Республикин халкъан артисткин, Кадыровн Орденан кавалеран Межиева Маккин сольни концерт; 29-чу дийнахь 18:00 сахьт даьлча – Керлачу шарна лерина филармонин артистийн концерт.
Хелхарийн «Вайнах» пачхьалкхан ансамблан программа: товбецан беттан 21-чу дийнахь 18:00 сахьт даьлча – «Вайнах» ансамблан сольни концерт, эсаран беттан 24-чу дийнахь 18:00 сахьт даьлча а, 24-чу дийнахь 14:00 сахьт даьлча а хир ю «Вайнах» ансамблан сольни концерт; лахьанан беттан 28-чу дийнахь а, гIуран беттан 26 дийнахь а 14:00 сахьт даьлча а – «Вайнах» ансамблан сольни концерт.
Иллийн а, хелхарийн а пачхьалкхан фольклоран «Нохчо» ансамбль карарчу хенахь ГIезалойн Республикехь гастролашкахь ю.
Цундела, «Пушкинан карта» проектан гурашкахь дIахьош йолу программа а кхочушйийр ю цара гастролашкахь. Товбецан беттан 14-чу дийнахь ГIезалойчоьнан Набережные Челны гIалахь «Нохчо» ансамбло сольни концерт гойтур ю; 15-чу дийнахь Альметьевск гIалахь – «ДоттагIаллин тIай» концерт а; 20-чу дийнахь Казань гIалахь – «Нохчо – гIиллакхаш лардархо» иллийн, хелхарийн концерт; 21-чу дийнахь Бугульма гIалахь «Аьхкенан самукъа» концерт дIахьур ю; 23-чу дийнахь Екатеринбург гIалахь – «ГIиллакхаш лардархо» концерт; 27-чу дийнахь, вайн цIахь, СоьлжаГIалахь «Нохчо» ансамблан а, ГIобанан гIалагIазкхийн казахийн хоран а концерт хир ю.
(ТIаьхье хир ю)
ВЕГИЕВА Макка
№69, товбецан (сентябрь) беттан 11-гӀа де