Нохчийн Республикин Юкъараллин палатехь «горга стол» дIаяьхьира.

Цигахь дийцаре динчу коьртачу гIуллакхашна юкъахь дара Россин Пачхьалкхан Думе харжамаш барна тIекхочуш политикин партеша бечу белхан а, церан сий-лараман а хьокъехь долу гIуллакхаш.
Изза гIуллакхаш кIира хьалха дийцаре дира Москвахь а. Эксперташа дийцира пачхьалкхан Думехь хIинца муьлхачу партин векалш хила тарло.
ВЦИОМ-н политикин анализан практикин куьйгалхочо Мамонов Михаила хаам бира парламентан еа партин рейтингаш цхьанаэшшара лаьтташ йолу масех бутт хиларан хьокъехь.
Бакъду, цо дийцарехь, КПРФ-н тренд кIеззиг охьаялар хаало.
«Дукхахболчу россихоша дIахьедо шаьш Пачхьалкхан Думе депутаташ харжарехь дакъалаца лууш хилар. Царах 51 процент берш ондда сацам хилла бу харжамашкахь дакъалаца», – элира М.Мамоновс.
Цо тIетуьйхира, 19 процент болчу харжамхой кхаж таса дагахь бац, 11 процент болу харжамхоша хIинца а цу хьокъехь сацам бина бац, аьлла.
ВЦИОМ-о хаттам бар дIадаьхьира 2021-чу шеран хьаьттан (август) беттан 30-чу дийнера товбецан (сентябрь) беттан 1-ра де тIекхаччалц, телефонехула.
Хаттам барехь дакъалецира 1 600 респондента.
Эксперташа динчу хьесапашца, герггарчу хьесапехь, кхаьжнаш партешна юкъахь кху тайппана дIасадекъадала тарлуш ду: «Единая Россия» – 34 процент, КПРФ – 18 процент, ЛДПР – 10 процент, «Справедливая Россия – Патриоты – За правду» парти – 7 процент.
«Цул сов, пхоьалгIа парти а ю царах дIакхета тарлуш. Царах ю «Новые люди», «Партия пенсионеров», «Яблоко» партеш. Бакъду, церан рейтингаш цкъачунна гена ю сатуьйсучу 5 процентана. Делахь а, ца моьттаре хила тарлуш ду», — билгалдаьккхира М.Мамоновс.
Нохчийчоьнан Юкъараллин палатехь оцу гIуллакхна лерина дIаяьхьначу «горгачу стоьлехь» шайна хетарг элира юкъараллин гIуллакххоша.
«Социологин хаамаша а, юкъараллин ойлано а таро ло Нохчийчохь харжамаш хирг хилар а, бахархоша дакъалацар жигара хирг хилар а тешам боллуш дIахьедан. Нохчийчохь харжамашкахь бахархоша дакъалацар дикка лакхара хир ду электоральни ламасташ а, лаккхара низам а бахьана долуш», – билгалдаьккхира республикин Юкъараллин палатин председатела И.Денильхановс.
Цо дийцарехь, харжамхой кхаж таса бахкарна дикачу агIор тIеIаткъам бо харжамийн каппашкахь долчу хьоло а, харжамхошна хаамаш бар дика дIанисдина хиларо а.
«Харжамийн каппашкахь даздаран хьал хила деза, гIеметтахIиттинчарна-м муххале а. Ткъа пандемин хьелашкахь кхаж тосуш йолчу чоьнашкахь санитарни бехкамаш чIогIа ларбан беза, хIора а харжамхо шена кхерам цахиларх тешна хила веза», – бохура Денильханов ИсмаьIала.
Д.ПАШАЕВ
№69, товбецан (сентябрь) беттан 11-гӀа де