Билгалдаьккхира журналистийн цхьабарт хиларан де

Журналистийн цхьабарт хиларан дуьненаюкъара де хIора шарахь товбецан (сентябрь) беттан 8-чу дийнахь билгалдоккхуш ду.

«Вайн регионехь журналистийн боккха сий-ларам бо. Журналистийн къинхьегаман уггаре а цIеяхна маххадорхо ву вайн республикехь Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо, сан хьоме ваша Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан. Иза вайн даиманлера хьажархо, ешархо, ладогIархо, бакъонца волу критик ву», – элира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Дудаев Ахьмада.

А.Дудаевс дийцира регионан Куьйгалхочун дIадолорца Нохчийчохь хIора шарахь журналисташна лерина дIахьош «Дашо пелаг» дуьненаюкъара конкурс хиларх лаьцна.

Оцу вуно йоккхачу мероприятис вовшахтуху дерриге а дуьненара журналисташ, чIагIйо церан уьйр-марзонаш, юкъаметтигаш.

Республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшна оьшуш мел долчуьнца кхачо еш ю. Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна бевзаш бу дукхах болу журналисташ. Оьшучунна даима а оьшшучу меттехь гIоьналлин куьг кховдадо цо.

«Вай иштта биц ца бо шен корматаллехь хьакъ ма-дду къахьоьгуш кхелхинарш а, бакъо толорехьа къуьйсуш болх бинарш а. И адамаш тахана вайца цхьаьна дацахь а, вайн иэсехь даха дисина ду. Республикина чолхе даьхкинчу шерашкахь тIеман арахь воьжна шуьйрачу хаамийн гIирсийн бIе гергга белхахо, царна юкъахь Нохчийн Республикера журналисташ а бу. Церан цIераш даиманна а юкъаязйина нохчийн журналистикин историна», – бохура министра.

Цо иштта дагадаийтира шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу журналистийн сийнна 2007-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь сквер схьайиллина хилар.

И дика гIуллакх дагадеанарг Нохчийн Республикин Куьйгалхо вара.

«Нохчийчоьнан журналисташ – бакъонехьа къийсам латторхойн а, бакъболчу говзанчийн а тоба ю. Ас уьш берриге а декъалбо журналистийн цхьабарт хиларан дуьненаюкъарчу денца. Лаьа кхидIа а церан кхиамаш хуьлийла, хьуьнар цкъа а лах ца лойла!», – дерзийра Дудаев Ахьмада шен къамел.

№69, товбецан (сентябрь) беттан 11-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: