2020-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 2-чу дийнахь Кадырова Iайшат Нохчийн Республикин Культурин министран хьалхарчу заместителан дарже офоциальни дIахIоьттира.

Цул хьалха Кадырова Iайшат «Firdaws» Модин цIийнан креативни директоран даржехь яра.
Ша къона хиларе хьаьжна ца Iаш, Кадырова Iайшата жигара дакъалоцу нохчийн юкъараллин кхоллараллин а, интеллектуальни а дахарехь.
Министран хьалхарчу заместителан даржехь болх беш йолуш, цо хьокъала йоллу хазна юкъайиллина регионан культура кхиорна.
Культурин Министран хьалхарчу заместитела баккхий хийцамаш бар дIадолийра библиотекашна тIера. И бахьана долуш, республикин книгийн хьаьрма карлаяла йолаелира, ткъа фонд наггахь бен хуьлуш йоцчу эзарнаш говзаршца тIеюза йолаелира.
Цуьнан дIадолорца школахошна библиотекашкахь дарсаш вовшахтоха долийра.
Дакъалоцуш цIеяххана артисташ, берийн музыкальни симфонин оркестр йолуш литературин суьйренаш дIаяхьа йолийра.
Кадырова Iайшата библиотекаш баккхийчарна а мехала, церан хьашто йолуш йина.
Культурин министран хьалхарчу заместитела «ЧитатьЭтоМодно» хэштегца социальни сеташкахь флешмоб дIайолийра.
Лууш волчо библиотекера шена езза книга схьаоьцура, цунах лаьцна социальни сеташкахь дуьйцура – тоьллачу постан авторан аьтто хуьлура литературин клуб дIаяхьархо хила.
Кадырова Iайшата Соьлжа-ГIалин урамашкахь библиотекаш схьайиллина. Аьнгалин терхеш тIехь, ерриге а гIалахула дIахIиттийна йолчу оцу библиотекашкахь, кхузаманан а, классикин а литературин книгийн дашон коллекци вовшахтоьхна ешархошна лерина.
«Лаьмнашка, хьуна тIаьхьа» спектакль хиллачул тIаьхьа республикин театральни дахаран хьокъехь дерг хезна берриге а махкахь.
Регионан театральни дахарехь кхин а цхьа бIаьрла хилам хилира Лермонтов Михаилан романехула «Бэла» спектакль хIоттор.
Спектаклан режиссер вара Россин халкъан артист Еремин Юрий, Кадыров Iайшата кхайкхарца республике веана волу. Культурин министран хьалхарчу заместитела кхайкхира Нохчийн Республике цIеяххана волу суьрташдахкархо Купер Юрий.
Кадырова Iайшатан дIадолорца юкъаяьккхина яра исбаьхьаллин школийн кхиархоша шайн куьйга ловзоргашна, тайнигашна басарш даран акци. Уьш йохкарх хилла ахча гIо оьшуш долчу берашна дIахьажийра.
Кадырова Iайшата культурин министран хьалхарчу заместителан даржехь даьккхина хьалхара шо къегина, бIаьрла дара.
«Грозный» НПТК-н, «Даймохк» газетан коллективаша Кадырова Iайшат декъалйо Нохчийн Республикин министран хьалхарчу заместителан даржехь болх бен шо кхачарца.
Даггара лаьа дерриге а дIадолорашкахь хьан аьтто а, кхиамаш а хуьлийла!
№69, товбецан (сентябрь) беттан 11-гӀа де