Газ тасаран гIуллакх сихдийр ду

Нохчийчу веанчу хенахь Россин Правительствон Председателан заместитела Новак Александра кхеташо дIаяьхьира республикин правительствон декъашхошца.

Цигахь дийцаре дира Россин Президента Путин Владимира Федеральни Гуламе динчу Костехь билгалдаьхна тIедахкарш кхочушдаран хьолан хьокъехь долу гIуллакхаш.

Царна юкъахь дара бахархой Iаш болчу меттигашкахь долчу цIенош чу газ тасаран болх дIабахьарх дерг а.

Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместитела, цIенош чу газ тасаран Кадечу штабан куьйгалхочо Магомадов Iабдуллас дийцира оцу декъехь беш болчу балхах лаьцна.

Цо чIагIдарехь, регионехь 163 (пункт) меттиг ю бахархошкара заявкаш схьаоьцуш. Цуьнца цхьаьна дIадаьхьна инвентаризаци яр. Цуьнан жамIашца газ тасаза долчу цIенойн хьокъехь хаамаш вовшахтоьхна.

2021-чу а, 2022-чу а шерашкахь билгалдеш ду газ дIасаекъаран биргIанех 22 661 цIа дIахоттар, вуьшта аьлча, оцу цIенош чу газ тасар.

Цо дийцарехь, цIенош чу газ тасарна новкъарлонаш еш, и болх сецош проблемаш нисло говзанчашна а, белхахошна а.

Иштта, социальни газификацина заявкаш кечъечу хенахь меттигаш нисло цIа долахь хиларан бакъонаш бахархошкахь йоцуш. Наггахь гIишло я цIа дарна елла бакъо а ца хуьлу нахехь.

Нохчийчоьнан Правительствон Председателан заместитела билгалдаьккхира газ тасарехь бан безарг боккха болх хилар.

Цуьнца доьзна «Газпром газораспределение Грозный» ООО-н штат алсамъяккха еза бохура I.Магомадовс.

Цо гIо дийр ду газ тасаран гIуллакх сихдан. Кхеташонехь дийцаре динчу гIуллакхийн жамIаш деш, хьокъала боллучу куьйгалхошна а, говзанчашна а тIедиллина, билгалйинчу графикца нийса а догIуш, белхаш дIабахьар.

Новак Александра дош делира пачхьалкхан куьйгалхочун тIедиллар сихха кхочушдарна оьшу гIо федеральни центро дийр ду, аьлла.

Цу тIехь кхеташоно шен болх чекхбаьккхира.

Д.ПАШАЕВ
№69, товбецан (сентябрь) беттан 11-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: