Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Хучиев Муслима республикин Правительствон декъашхошца кхеташо дIаяьхьира.
Цара дийцаре дира бюджетана кредит даккхаран а, ткъа иштта, республикин лаьмнийн кIошташкахь дикаллица къаьста молуш долу хи дигаран а гIуллакхаш.
«Нохчийн Республикин финансийн министерствос билгалбаьккхина барам 5,2 млрд. сом бу. Таханлерчу дийнахь республикин Правительствос «Чеченцемент» АО-н цемантан завод тоярна кредит даккхаран заявка кечъеш ю. Кхочушдаран Iедалан федеральни органашца цхьаьнагIуллакхаш а деш, и болх сихбар тIедиллина ас. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана тIедилларца, республикин лаьмнийн ярташка молуш долу хи дигаран, Нажи-Юьртан, Веданан, Шуьйтан, Шаран, Итон-Кхаьллан кIошташкахь лаьтта бухахь хи лахаран белхаш дIабахьарехь дан деза гIуллакхаш билгалдехира. И болх а жигарабаккха безаш хилар дIа а хаийтина», – яздина Хучиев Муслима инстаграмехь.
Л.АГИМОВА
№70, товбецан (сентябрь) беттан 15-гӀа де