Товбецан (сентябрь) беттан 11-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман театрана хьалхьарчу майданахь, даздаран хьолехь, дIадаьхьира Россин Федерацин къаьмнийн театрийн «Федераци» Ерригроссин III-гIа фестиваль схьаеллар.

Бакъ долуш, Соьлжа-ГIалин урамаш, къаьсттина М.Эсамбаевн цIарах йолу бульвар а, цунна дехьасехьа долу урамаш а хьешех а, меттигерчу бахархойх а дIаюьзна яра.
Соьлжа-ГIалахь Россин культурин хьаьрмахь а доккха маьIна лелош йолу фестиваль хилар хоуьйтуш йолу баннерш яра, геннара а тIе бIаьрг хIуттуш. Хезаш нохчийн къоман хелхаран мукъамаш бара. Иштта, доккхачу тойне гулделча санна, адам декхаделла-деладелла дара. Суьйранна, арахь, мелла а мох хьоькхучу хIаваэхь кечйинчу сцени тIехь дIахьош дара даздарш.
Дагадаийта лаьа «Федераци» хьалхара фестиваль Соьлжа-ГӀалахь 2019-чу шарахь дӀаяьхьна хилар. Фестиваль дӀахьош ю Россин Федерацин культурин министерствон а, Россин театрийн гIуллакххойн Союзан а дӀадолорца, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, Нохчийн Республикин культурин министерствон а гӀоьнца.
Фестиваль дIайолоран хьалахарчу официальни дакъехь Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис декъалбира фестивалан хьеший а, дакъалацархой а.
Иштта, фестиваль дIайолош дакъалоцуш бара Россин Федерацин театрийн гIуллакххойн союзан Нохчийн Республикехь йолчу отделенин куьйгалхо, Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман театран директор Ахмадова Хьава, фестивалан программин директор, Россин Федерацин театрийн гIуллакххойн союзан драмин театрийн кабинетан заведующи, фестивалан Экспертни а, исбаьхьаллин а советан декъашхо Корчак Марина, фестивалан исбаьхьаллин советан председатель Морозов Борис, иштта кхиболу лараме нах а.
Массарна а хаза кхаъ хилира театран гIишлонна тIехь дIатоьхначу йоккхачу монитора тIехь Россин Федерацин театрийн гIуллакххойн союзан председатела Калягин Александра фестивалан дакъалацархошка маршаллин дош олуш, ма-ярра йолчу видеоэфирехь, Москвара схьа кхайкхам бар.
Соьлжа-ГIалин мэрин Культурин департаментан а, I.Шахбулатовн цIарах йолчу нохчийн пачхьалкхан филармонин а солисташа концертан программа гайтарца хаздира сатийсаме цхьаьнакхетар.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна баркаллин дешнаш элира фестивалехь дакъалаца баьхкинчу Россин Федерацин къаьмнийн театрийн векалша.
Фестиваль дIайолоран суьйре ерзош, Соьлжа-ГIалин стигал бес-бесарчу шатлакхашца къагийра.
Цул тIаьхьа У.Шекспиран «Отелло» спектаклан премьера гайтира Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман театран актераша.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№70, товбецан (сентябрь) беттан 15-гӀа де