Соьлжа-ГIаларчу Журналистийн скверехь «Хорбазийн аре» фестиваль дIаяьхьира. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин туризмехула йолчу министерствос.

Фестивалехь дакъалецира къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Зентиев Рухмада, хаамийн гIирсийн векалша, вайн республикин ярташкара а, кхечу регионашкара а баьхкинчу хьешаша.
Гуьйренан исбаьхьа мероприяти хилла дIахIоьттира иза. Хорбазийн а, пастанийн а чкъоьргех йина варени, хорбазийн коктейлаш, пастанийн чай, иштта, чIепалгаш, хингалш, морожни, чорпа яра говзанчаша кечйина.
Карвинган говзанчаша мастеркласс гайтира хорбазашна тIехь суьрташ дахкарехь. Ткъа бевзаш болчу кхачанхоша (поварша) хорбазийн а, пастанийн а мерза десерташ муха йо гайтира.
Къаьсттина дукха адамаш дара евзаш йолчу шеф-поваран Мовлатова Хадижатан стоьла гуонаха. Цо хорбазех ечу морожнин чамбаккха дукхахболчеран аьтто а хилира.
Кхачанхошна юкъахь конкурс дIаяьхьира. Хорбазех а, пастанех а уггаре а мерза кхача кечбарехь къовсалуш. КхоалгIа меттиг яьккхира Газиева Залпаа, Душаева Ларисас. ШолгIа меттиг – Вашигова Хьавас, Осмаева Маккас. Хьалхара меттиг – Абдулмежидов ИсмаьIала, Абдурахманова Тамилас.
Толамхошна Нохчийн Республикин туризман министерствос мехала совгIаташ а дира, дипломаш а делира.
Берийн аьтто белира конкурсашкахь дакъалаца. Цара фестивалан темица догIуш хаза суьрташ дехкира.
ЖIаккийн меттана хорбазаш а, пастанаш а йолуш къовсамаш дIабахьар а тIе тидам бохуьйтуш дара.
«Кхузахь хорбазех а, пастанех а бина дуккха а тайп-тайпана кхачанаш бу, суна хьалха буьйцуш а ца хезна болу. Гуш ду дуккха а адамашна хIара фестиваль хазахетта хилар. ХIара гIуллакх вовшахтоьхначарна доккха баркалла ала луур ду. Теша лаьа вайн республикехь хIокху тайпана фестивалаш сих-сиха дIахьуриг хиларх», – элира Р.Зентиевс.
Шелковски а, Невран а кIошташкара баьхкинчу къаьмнийн культурийн туьшийн векалша шайн зевнечу аьзнашца кхин а хазйинера фестиваль.
Л.БАЕВА
№70, товбецан (сентябрь) беттан 15-гӀа де