Нохчийн спортсменийн рогӀера кхиамаш

Краснодар гIалахь, «Баскет холл» спортан аренехь, паргIатчу кепара охьатохархлатарехула Россехь хьалхеяккхаран турнир дIаяьхьира.

Цигахь дакъалоцуш бара Россин тайп-тайпанчу регионашкара спортсменаш.

Вайн республикин цӀарах оцу турнирехь дакъалоцуш бара республикин спортан «Ахмат» клубан спортсменаш.

Къийсадаларш деа дийнахь дIадаьхьира. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь толамхой хилира вайн 3 махкахо: Жамалдаев Салман (57 кг), Вахаев Мохьмад (65 кг), Данаев Iабдул-Рахьим (78 кг).

Оцу кхиамашка шаьш кхачийначу тренершна даггара баркалла боху спортсменаша.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА
№70, товбецан (сентябрь) беттан 15-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: