Соьлжа-ГIаларчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь халкъан гулам дIабаьхьира товбецан (сентябрь) беттан 13-чу дийнахь. Иза лерина бара товбецан 17–19-чуй деношкахь дIахьон болчу харжамашна.

Гулам дIабаьхьира Нохчийн Республикин муфтин Межиев Салахь-Хьаьжин дIадолорца.
Цигахь дакъалецира къурайшийн тIаьхьенех болчу наха, маьждигийн имамаша, кIоштийн, яртийн къеданаша, бахархоша, ткъа иштта ГIалгIайчуьрчу устазан БатIал-Хьаьжин тIаьхьенех болчу нехан делегацис.
Гулам дIаболош ша динчу къамелехь Межиев Салахь-Хьаьжас билгалдаьккхира халкъан хиндолчунна харжамаша вуно доккха маьIна лелош хилар.
Цо тидам тIебахийтира Нохчийчохь хилла дика хийцамаш Кадыров Ахьмад-Хьаьжа ца хиллехь хилла хирг цахиларна.
«Вайн декхар ду цхьаалла ларъяр, хаьржинчу некъа тIера дIасацахьовзар, вовшийн сийларам бар, халкъан цхьаалла йоха цаяйтар», – дIахьедира Салахь-Хьаьжас. – Ахьмад-Хьаьжас, динна тIе а тийжаш, цу юкъахь безачу эвлаяийн, шайхийн, устазийн хьехамех куьйгалла а оьцуш, шен хенахь халкъ харжамашка дахаре кхайкхира. Халкъо цуьнан кхайкхамна жоп делира, жигара харжамашкахь дакъалацарца. Цуьнан жамI а, беркате тIаьхье а ю вайна гуш долу маьрша дахар. ТIекхаьчна керла харжамаш бан беза хан. Иза вайн халкъан харжам бу. Вайн халкъан цхьаалла ца еза эхь доцчу вайн мостагIашна».
Цул тIаьхьа къамелаш динчу вирдийн векалша, къурайшийн цIийнан наха билгалдаьккхира вайн бахархоша хIокху харжамашкахь цкъа а гайтина йоцу цхьаалла а, шайгара лаккхара кхетам а гайта безаш хилар.
Советийн Iедалан а, республикехь хиллачу юкъараллин-политикин буьрсачу хиламийн а заманашкахьлера бакъдерш а далош, цара къаьсттина тидам тIебохуьйтура вайн халкъан социальни а, экономикин а дакъошкахь хиллачу дикачу хийцамашна.
Гулам берзийра мовлад а доьшуш, доIа а деш. Тайп-тайпанчу вирдашкахь болу эзарнаш мурдаш бара оцу Iамалехь дакъалоцуш.
Д.ПАШАЕВ
№70, товбецан (сентябрь) беттан 15-гӀа де