Кадыров Рамзана кхаж тесира дукхатIегIанийн харжамашкахь

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу регионан юкъараллин фондан президентаца Кадырова Несин Айманица а, доьзалца а цхьаьна кхаж тесира дукхатIегIанийн харжамашкахь.

Товбецан (сентябрь) беттан 17-чу дийнахь делкъал тIаьхьа кхечира уьш шайн дай баьхначу Ахьмад-Юьртарчу харжамийн куьпе.

Ламасталлин нохчийн хелхар ца деш ца дирзира иза. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин кIентан кIанта IабдуллахIа шен денана Кадырова Аймани хелхаран гона юккъе яьккхира, дехар а дина.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира харжамийн муьлххачу а жамIашна ша кийча хилар.

Кадыров Рамзана тидам тIебахийтира бахархошца дIахьош болу кхеторан болх бахьанехь, кхаж тасаран хьалхарчу дийнахь а, регионехь харжамхойн жигаралла хаалуш хиларна а, дукха адамаш кхаж таса оьхуш хиларна а.

«Дукхахберш цецбуьйлу вайн республикехь харжамашка дуккха а адамаш оьхуш хиларх. Вайн доьзалийн а, динан а, юкъараллин а институташ ю. Цара вуно боккха болх дIахьо адамашца, вайн хиндерг вай ваьш харжа дезаш хиларх кхетош. И бахьана долуш вайн дуккха а адамаш хуьлу харжамашкахь дакъалоцуш. Халкъо гойту ша даима а массо а хIуманна тIехь а цхьаьна хилар», – элира республикин Куьйгалхочо.

Цо аьлла ма-хиллара, ерриге а ярташкахь, кIошташкахь, гIаланашкахь даздаран хьал ду, массо а дог-ойла гIаьттина, самукъане ву.

«Артисташ бу иллеш олуш, эшарш лоькхуш, адамаш хелхадуьйлуш ду. Массанхьа а даздаран хьал ду. Воккхавево вай дерриге а цхьана командехь гIуллакхдеш хиларо», – бохура Кадыров Рамзана.

Кхаж тасар хIокху шеран товбецан 17-чуй, 18-чуй, 19-чуй деношкахь дIахьур ду. Хоржуш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо.

Иштта, хоржуш бу Россин Пачхьалкхан Думин а, Нохчийн Республикин Парламентан а, муниципальни цхьаьнакхетараллийн векалаллин органийн а депутаташ.

Д.ПАШАЕВ
№71, товбецан (сентябрь) беттан 18-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: