Хьомсара махкахой! Тахана Нохчийн Республико даздо шатайпа дезаде – Нохчийн зудчун де.
Уьншерашкахь дуьйна нохчийн юкъараллехь къаьсттина меттиг дIалоцуш ю зуда. Массо а хенахь иза безаман, къинхьегаман, кхерчан аьхналлин а, йовхонан а масал хилла лаьттина.
ХIара де юкъадалийна вайн халкъан гIиллакхаш, оьздангалла, эхь-бехк, культура ларъярехь нохчийн зудчо лелийна Iаламат доккха маьIна билгалдаккхархьама. Ас, кIорда ца деш, юх-юха а дуьйцур ду вайн зударийн къонахаллех а, доьналлех а лаьцна. Халкъана бохаме баьхкинчу муьрашкахь шайн божаршна бакъйолу гIортораш хилла, кхерчан аьхналла а, синтем а ларбархой хилла дIахIиттина уьш, шайн йоIарий а Iамийна иштта сица чIогIа, хьикмате, эхь-бехк долуш, къинхетаме, вайн гIиллакхашна, Iадаташна тешаме, Исламан бехкамаш ларбеш хила.
Дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал дIахьочу къийсамехь вайн зударий шайн кIентех, дайх, вежарех, хIусамдайх бохура. Амма оцу эшамех чекхбовлура уьш корта лаккха хьала а айбой. Сий а, хастам а хуьлда бакъболу кIентий, патриоташ кхиийначу берриге а наношна! Уьш, шайн дахар ца кхоош, дуьхьал бевлира дуьненан бохамна, зуламна, республика цIанйира оцу боьхаллех! Текхна девр доцчу декхарехь ду тхо шуна.
Хьомсара зударий! Даггара декъалдо шу дезачу денца! Лаьа шун могашалла, аьтто, доьзалехь ирс хуьлийла. Оха берриге а ницкъ тIебохуьйтур бу дуьненахь шу уггаре а ирсе хилийтарна.
Лараме Нохчийн зударий – наной, йижарий, хIусамнаной! Шу ду кху Нохчийчоьнан селхане а, тахане а, кхане а, Нохчийчоьнан ирс, Нохчийчоьнан беркат, Нохчийчоьнан кхерчан йовхо!
Суна даггара лаьа шуна стиглахь малх хIара дуьне мел лаьтта къегийла! Дала диканца дукхадахадойла шу! Ас кхин цкъа а даггара декъалдо шу Нохчийн зудчун денца!
№71, товбецан (сентябрь) беттан 18-гӀа де