Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Хучиев Муслим цхьаьнакхийтира Россин Iаламан тIаьхьалонийн а, экологин а министраца Козлов Александраца.

Цара дийцаре дира 2023-2024-чуй шерашкахь гидротехникин гIишлошъяран а, Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттан-шлакийн сайрешна, бехдинчу латтанашна рекультиваци яран, углеводородан аьргалла яккхархьама геолого-талламан белхаш дIабахьаран, ткъа иштта, лаьмнийн кIошташна молуш долчу дикачу хица кхачояран Iалашонца лахаран-маххадоран белхаш баран хьокъехь долу гIуллакхаш.
Сацам бина 2022-чу шарахь «Эвтара юьртахь Хулхалон аьтту а, аьрру а бердайистош чIагIъяран капитальни гIишлошъяр» объектана финансировани ян. Оцу Iалашонна 241,9 миллион сом ду къастор долуш.
«Хулхало хин бердайистош чIагIъяран хьокъехь долу гIуллакх дийцаре деш долу цхьа шо хилла ца Iа. Хи дистича бердайистош текхаш хилар бахьана долуш, хи Эвтарарчу цIеношна а, инфраструктурина а юххе тIекхаьчна, уьш дохорна кхерам а болуш. Шеко йоццуш, бердайистош чIагIъяран белхаш баро таро лур ю Iаламан бохам хиларан кхерамах хьалхадовла», – элира М.Хучиевс.
Оцу цхьаьнакхетарехь иштта барт хилира Нохчийн Республикера тайптайпана ораматаш а, дийнаташ а лардархьама «Даймохк» къоман парк яран гIуллакхна белхан тоба вовшахтоха.
А.Козловс билгалдаьккхира цхьаьнакхетарехь дийцаре динчу дерриге а гIуллакхийн хьокъехь билггал сацамаш тIеоьцург хилар.
Цунна М.Хучиевс баркалла элира социальни а, экономикин а мехалла йолу гIуллакхаш кхочушдарехь Нохчийчоьнан гIолацарна.
№71, товбецан (сентябрь) беттан 18-гӀа де