Школийн автопарк тIеюьзна

Вайн республикерчу школийн хьашташна кхин а 62 микроавтобус а, 1 автобус а яийтина Нохчийчу. Уьш хIинцале схьакхаьчна. Оцу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран хьалхарчу заместитела Тааев Илеса.

Цо билгалдаьккхина ма-хиллара, герггарчу деношкахь дIахьур ду автотраспорт школашна дIасаекъар.

И.Тааевс дагадаийтира 2016-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц болчу муьрехь Нохчийчуьрчу школашна 381 автобус яийтина хилар. Царах 62 хIокху шарахь яийтина.

Оцо таро елла школашна генахь Iаш долу бераш школашка схьадалорна а, юха шайн цIа дигарна а кхачоян.

Цул сов, аьтто бина ширъелла автопарк керлачу машенашца тIеюза а, карлаяккха а.

Оцу проекто, шеко йоццуш, таро елла бераш дIасалелоран кхерамзалла лакхаяккха.

Цунна бIаьрла тоьшалла ду тIаьхьарчу пхеа шарахь, юкъахь дешархой а болуш, регионехь цхьа а некъан-транспортан бохам хилла ца хилар.

№71, товбецан (сентябрь) беттан 18-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: