Нохчийчохь «Соьлжа-ГIала» промышленни-производственни кепара къаьсттина экономикин зона яран хьалхара мур кхочушбаран гурашкахь ян лерина объекташ, билгалъяьхна, чIагIйина. Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан экономика а, мохк а кхиоран, махлелоран министра Сатуев Бекхана.
«ЧIагIйинчу переченца нийса а догIуш, карарчу шеран тIелацамаш кхочушбаран график кхочушъярна тIехьажийна вовшахтохараллин болх бу карарчу хенахь беш. Юьхьанца билгалдеш ду къаьсттина экономикин зона йийр йолчу меттехь инженерни, транспортан, социальни, инновацийн, кхийолчу инфраструктурин объекташ яр», – бохура министра.
«Соьлжа-ГIала» промышленни-производствон кепара къаьсттина экономикин зона кхоллар 2019-чу шарахь дIадолийна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца, Россин Правительствон сацамца нийса а догIуш.
№71, товбецан (сентябрь) беттан 18-гӀа де