Адамашна пайдехь хила лууш…

Снимок уа

ТIеман халонаш хьегна долчу вайн къомана чIогIа мехала бу лоьраш… ХIунда аьлча, дуккха а адам цомгаш ду вайн. Царна юкъахь бу кегийнах а, бераш а. Цундела, адамийн могашалла Iалашъяран декъехь говза лоьраш ца хилча йиш  яц. Буй-те вайн махкахь, шайн болх дика бевзаш а, беш а лоьраш? И тайпа хаттар кхолладелча, цунна жоп хилла лаьтташ дуккха а бу вайн республикехь лоьраш.

Масала, церан могIарехь ву ала хьакъ ву Шелан кIоштан больницехь массаж еш волу Генжибаев Жалавди. БIаьрса ледара долуш ву и. Цо дийцарехь, шо-ши шо долуш  бер хилла иза  бIаьрса галдолуш. Шен бIаьргаш дика са гуш бацара аьлла ца Iаш, адамашна ша пайдехь хилийтаран Iалашонца  2005-чу шарахь Кисловодск гIаларчу колледжехь, массаж ян а, цуьнан бакъонаш а Iамош  дийшира больницехь  цо. Цигахь кхаа шарахь дешна а ваьлла, 2008-чу шарахь веара иза Шеларчу больницехь болх бан. Йоццачу хенахь шен болх дика кара а бирзира цунна.

«Дийцахь, Жалавди, муха нисделира хьан дахарехь хIара говзалла караерзор? ХIун дара кху балхах хьан дог латийтинарг?»,  – аьлла, шега динчу хаттаршна жоьпаш а луш, цо дийцира: «Суна уггаре а  хьалха лууш дерг –  нахана сайх жимма  а пайда хилийтар дара. Оцу Iалашонца кху хене схьа а кхаьчна со».

Дуккха а нах бу  Генжибаев Жалавдига массаж яйта лелаш. Бераш далош зударий а богIу цунна тIе, иштта – бакхийнаш а.

Массажаш тайп-тайпана ю. Адаман цамгаре хьаьжжина ян езаш  ю иза. Меже кагъелла волчунна шатайпа, дегI лозуш хилча –  кхечу кепара. Массаж яран болх ца бевзачо, иза ян-м суна а хуур дара», олу, –   дуьйцура Жалавдис. Иштта,  цо билгалдаьккхира, ша хIинца а хаарш лакхадаха кест-кеста махкал арахьа воьдуш хилар.

МАТАГОВ Исхан

№ 66, шинара, 16 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: