Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствехь хилира Луи Брайлан системица нохчийн алфавит кхолларан белхан тобанан кхеташо, куьйгалла деш ведомствон куьйгалхо Байсултанов Идрис а волуш.

Кхеташонехь дакъалоцуш вара Нохчийчоьнан Парламентан дешаран а, Iилманан а, культурин а комитетан председатель Хазбулатов Бекхан, республикин Юкъараллин палатин председатель Денильханов ИсмаьIал, Нохчийн меттан институтан директор Умхаев Хьамзат, В.Ш.Дагаевн цIарахчу бIаьрзечеран а, бIаьрса ледара долчеран а леррина (коррекционни) юкъарадешаран школа-интернатан директор Гайрбеков Чингизхан, Нохчийн меттан хьехархойн ассоциацин председатель Бергоева Айзан, «БIаьрзечеран Ерригроссин юкъараллин заьIапхойн Россин юкъара юкъараллин организаци» Нохчийн региональни организацин председатель Керимова Хьава, филологин Iилманийн кандидат, Нохчийн пачхьалкхан университетан доцент, нохчийн филологин кафедрин заведующи Иризиев Сайд-Хьамзат, «Психолого-педагогикин, медицинин, социальни гIо даран республикин туьшан директор Нуриет Теучеж.
Кхеташонехь дийцаре дира Луи Брайлан системица нохчийн алфавит кхолларца нохчийн мотт Iаморехь, цунах пайдаэцарехь нисъяла тарлуш йолу проблемаш дIаяхаран гIуллакхаш.
Кхузахь къамелаш диначара билгалдаьккхина ма-хиллара, клавиатури тIехь зорба лахьош (набор еш) бегIийла а, пайдаэцарехь атта а хила езаш ю иза, бIаьрзенаш а, бIаьрса ледара дерш а цунах сиха болийта, царна болх бан атта хилийта.
– Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана даима а доккхачу маьIне лоруш ду нохчийн мотт Iамор, баржор, кхиор. Цо дерриге а до и декхар кхочушдархьама. Нохчийчоьнан Куьйгалхочун тIедахкарш кхочуш а деш, регионехь цхьамогIа гIуллакхаш дIахьо нохчийн мотт баржорехьа, марзбарехьа, иза дика Iаморна бегIийла хьелаш кхолларехьа, цу юкъахь ду могашалла ледара йолу адамаш а, – билгалдаьккхира министра.
Кхеташо ерзош, белхан тобанан декъашхоша, цхьабарт хуьлуш, сацам бира Луи Брайлан системица нохчийн алфавит кхолларан проект тIеэца а, ткъа иштта, и проект, хьажийта, Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане дIаяхьийта а.
Хь.САИДОВ
№72, товбецан (сентябрь) беттан 22-гӀа де