Нохчийн къоман театран 90 шо кхачар билгалдаьккхира

Х.Нурадиловн цӀарахчу Нохчийн къоман театран 90 шо кхачарна лерина даздарш хилира Соьлжа-ГӀалахь.

Хууш ма-хиллара, товбецан (сентябрь) беттан 11-чу дийнахь дуьйна Соьлжа-ГӀалахь дӀаяьхьира Къоман театрийн Ерригроссин «Федераци» ӀӀӀ-гӀа фестиваль.

Кхушара фестиваль дӀайоьдучу юкъанна хаза нисделла Нохчийн къоман театран юбилей йолу де а.

Театран 90 шо кхачарна леринчу даздаршкахь ларамечу хьешашна юкъахь вара Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин культурин министр Дааев Хож-Бауди, Культурин министран хьалхара заместитель Кадырова Ӏайшат.

Даздарш дӀадолийра Къоман театро бина некъ бовзуьйтуш яьккхинчу видеороликца. Архиван а, кхузаманан а съемкашца кечйина, чулацаме яра фильм, театран кхоллам хала а, кхиаме а, самукъане а хилла хиларх дуьйцура цо.

Нохчийн халкъо санна, махкахдовлар а, юха цӀадерзаран зовкх а, цул тӀаьхьа советийн Ӏедал дохаран муьрехь хилла халонаш а, Нохчийчохь ши тӀом баьлча театран актераша лелийначух а дуьйцура фильман турпалхоша. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала гӀазот къобалдойла цуьнан) «Культура ца хилча къам дац» олуш, культурин а, искусствон а, литературин а хьаьрмашкахь къахьоьгучу нехан догойла ира-карахӀоттош, театраш, концертийн залаш меттахӀиттош хиллачу хенах а дийцира.

Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис шен къамелехь, хаза дустарш далош, театран кхолламах лаьцна элира: «ДӀаяьлларг кӀезиг хан яц, 90 шо ду. Воккхачу стеган дахаран некъ бу иза. Халонех, зерех чекхбевлла, нохчийн халкъана совгӀаташ деш, нехан дог-ойла гӀаттош, къоман а, дуьненан а культура, искусство йовзуьйтуш къахьегна Къоман театран актераша. Тахана театрехь кхоьллина тоьлла хьелаш ду, театран белхахойн социальни хьашташ кхочушдеш даима а гӀо деш вайн Куьйгалхо а ву. Дела реза хуьлда цунна!».

Культурин министра, дош ала, сцени тIе кхайкхира Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад.

Театран 90 шо кхачарна лерина театран коллективана лерина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана даийтина декъалдар дӀадийшира М.Даудовс.

«Нохчийн къоман театран драматургаша а, актераша а доккха дакъалаьцна вайн пачхьалкхан культура а, искусство а кхиорехь», – билгалдоккхура Р.Кадыровн декъалдарехь.

Юбилейца доьзна Кадыров Рамзана «Нохчийн Республикин халкъан артист» а, «Нохчийн Республикин хьакъволу артист» а цӀераш а, ткъа иштта, «Къинхьегамехь билгалваларна» седарчий а, Сийлаллин грамоташ а елира культурин хьаьрмахь къахьоьгучу цхьамогӀа белхахошна.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Сийлаллин грамота елира Нохчийн къоман театран исбаьхьаллин куьйгалхочунна Ахмадова Хьавана. Декъалдаран дешнаш а, совгӀаташ а «Федераци» фестивалехь дакъалаца баьхкинчу Кьаьмнийн театрийн векалша: фестивалан исбаьхьаллин советан председатела Морозов Бориса а, оцу даздаршкахь «Нохчийн Республикин халкъан артист» цӀе еллачу Кабо Ольгас а дира.

Суьйре хазйира Ӏ.Шахбулатовн цӀарахчу пачхьалкхан филармонин В.Хлебниковс куьйгалла дечу оркестро.

Самукъанечу программица декъалбира шайн белхан накъостий М.Ю.Лермонтовн цӀарахчу оьрсийн театран актераша а.

Театран ветеранаш сцени тӀе а кхойкхуш, царна баркалла олуш, хелхаран болаца дерзийра даздарш.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№72, товбецан (сентябрь) беттан 22-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: