Нохчийн Республикин Правительствон Председателан нуьцкъаллин блокехула волчу заместитела Висмурадов Абузайда дIаяьхьначу Некъан боламан кхерамазалла ларъяран республикин комиссин кхеташонехь дакъалецира Нохчийн Республикин МВД-н ГИБДД-н урхаллин хьаькама Черхигов Идриса.

Кхеташонехь жамIаш дира некъан боламан кхерамазалла ларъяран декъехь бинчу белхан, иштта, оцу декъехь гIолехь долу некъаш а довзийтира.
ХIора министерствона а, ведомствона а тIедиллира некъаш тIехь кхерамазалла лакхаяккхарна тIехьажийна профилактикин болх дIабахьар а, таллам бар чIагIдар а, комиссис хьалхахIоттийначу Iалашоне кхачархьама дан дезарг дерриге а дар а, некъан-транспортан бохамаш дукха хуьлуш йолу меттигаш гучу а яьхна, уьш цахилийтарехьа къахьегар а, некъан боламан кхерамазаллехула хаамийн болх жигарбаккхар а, некъан-транспортан бохамаш хиларан бахьанаш гучудахар а.
Некъаш тIехь кхерамазалла хилийтаран гIуллакхаш шен лерринчу тергонехь латтош ду республикин Куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Цо охIла йолчу органийн балхана урхалла а, оьшуш долу гIо-накъосталла а дар бахьана долуш, некъан боламан кхерамазаллица боьзна Iедалан ерриге а органийн болх цхьаьнабоьзна а, эвсаре а бу.
№73, товбецан (сентябрь) беттан 25-гӀа де