Новотерскехь керла школа схьайоьллур ю

Россин Федерацин цхьа а субъект яц Нохчийчоь санна бахархойн барам сиха алсамболуш. Адамаш алсамдовларца дан дезарш а алсамдовлу. И бахьана долуш, Нохчийн Республикин гӀишлошъяран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос тIаьхьарчу шерашкахь шортта керла школаш йинехь а, хIинца еш елахь а, тахана а вайн 15 кIоштахь хаалуш ду дешаран меттигаш тоьаш цахилар.

Бераш алсамдовларца доьзна, кхочушдан аьтто ца болуш дуьсуш ду школашкахь кхаа рожехь долу дешар дIадаккхаран гIуллакх.

Невран кӀоштарчу Новотерскехь 3 эзар сов стаг ву Iаш. Ши школа ю юьртахь, амма уьш тоьаш яц. Бахархой алсамбовларца а, юрт шоръяларца а, школа цхьаболчу бахархошна генахь хиларца а доьзна. Цундела, хӀоьттинчу хьоле хьаьжжина, юьртахь керла юкъарадешаран школа ю еш.

Дешаран учреждени яр дIахьош ду Федеральни Ӏалашонийн «Россин Федерацин мохкбегорна кхерам болчу меттигашкахь цӀенойн а, объектийн а, Ӏер-дахаран системийн а чӀагӀалла лакхаяккхар» программин гурашкахь.

Кхо гIат долуш, 720 дешархочунна меттиг йолуш йолчу керлачу школехь кхузаманахьлерчу лехамашца догӀуш долу хьелаш кхуллур ду. Классашкахь, предметашка хьаьжжина, дешаран берриге гIирсашца кхачо йийр ю. Цул сов, школехь актови зал а, ешаран чоь а, библиотека а, кхачабааран чоь а, спортан зал а йийр ю.

Иштта, уьйтӀе а, кетӀе а тойина ца Ӏаш, берашна тӀаьхьабогӀучу дай-наношна а, белхахошна а машенаш дӀахӀиттайойла а йийр ю.

Карарчу хенахь гӀишлошъярхой чуьра белхаш беш бу. Шайна хьалхахӀиттийначу декхаршца дика ларош бу уьш. Школа йина яьлча, юьртарчу дешархойн кхаа рожехь хилла долу дешар, шина роже доьрзур ду.

Цу тӀе, школа бахархойн хӀусамашна уллехь хиларо, хӀинццалц дIасалеларца йоьзна хилла йолу халонаш а дIайохур ю.

ТӀедогӀучу 2022-чу шеран, хьалхарчу чийрикехь йина яьлла хила езаш ю школа. Нохчийн Республикерчу кӀошташкахь 73 школа ян лерина 2024-гIа шо тIекхачале. И белхаш тайп-тайпанчу проектийн гурашкахь дӀахьур бу.

А.КАНТАЕВ
№73, товбецан (сентябрь) беттан 25-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: