Нохчийн Республикехь юьртабахаман хьаштийн латтанашна хидилларан гIуллакх дIадолийна. Цунна лерина хиллачу даздаршкахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Россин Федерацин юьртан бахаман министран хьалхарчу заместитела Хатуов Джамбулата, кхечара.
Даздарш дIадаьхьира Эна-Хишкан кIоштарчу Буммат юьртахь.
Кадыров Рамзана дийцарехь мелиораци мехала дакъа ду агропромышленни комплекс кхиорехь.
«Таханлера гIуллакх – иза рогIера мехала гIулч ю Нохчийн Республика Къилбаседа Кавказехь буьззинчу барамехь аграрни республика хилийтарехьа яьккхина йолу. Агропромышленни бахам кхиор хиллане а хила йиш яц хиш дахкар (мелиораци) доцуш. ДогIанан кепехь хи тохаран кхузаманан машенех пайдаэцар бахьанехь хиш дахкар кхин а сиха а, атта а дIахьур ду», – бохура цо.
Юьртан бахаман дакъа кхиорехь хиш дахкаран мехаллех лаьцна дийцира И.Закриевс.
«Хиш дахкар кхиоро бегIийла хьелаш кхуллур ду, хенан хIоттаман хьолах доьзна а доцуш, производство кхиорна. Карарчу шарахь республикин ялх кIоштахь кхочушъеш ю гидромелиорацин 21 проект. Цо таро лур ю хиш дохкуш долу латтанаш 7 500 гектаре дIакхачо, цу юкъахь догIанан кепехь хитохаран машенех пайда а оьцуш, хи дуьллуш хир ду 500 гектар латта, ткъа 300 гектар сов долу латта тIадамашца хи дилларан установкех пайда а оьцуш», – элира цо.
Д.Хатуевс Р.Кадыровга дIаделира Россин юьртан бахаман министра Патрушев Дмитрийс даийтина маршалла.
Цул тIаьхьа билгалдаьккхира: «Тахана хи дилларан комплекс болх бан йолаялийтар – иза республикехь мелиораци кхиоран стратегин йоккха программа кхочушъяр дIадолоран юьхь ю. Хиш дахкарца алсамдер ду стоьмаш, хасстоьмаш, кхийолу культураш кхиор».
Хиш дахкар дIадолоран даздаран дакъа чекхдаьлча Кадыров Рамзан а, Хатуов Джамбулат а юьртабахаман гайтаме хьаьжира. Цигахь экологин цIена сурсаташ дара.
Цигара Соьлжа-ГIала схьавеача, Д.Хатуовс кхеташо дIаяьхьира Къилбаседа Кавказан федеральни округехь мелиорацин гIуллакхаш дIадахьарна лерина йолу.
Д.ПАШАЕВ
№73, товбецан (сентябрь) беттан 25-гӀа де