Соьлжа-ГIалахь схьадиллина Росгвардин белхахошна дина цIа

Россин Къоман гвардин эскарийн Федеральни службин директор – Россин Къоман гвардин эскарийн буьйранчас Золотов Виктор белхан гIуллакхца Нохчийн Республикехь хилира.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Соьлжа-ГIаларчу аэропорте цунна дуьхьал вахара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, кхиберш.

Р.Кадыровс а, В.Золотовс а дакъалецира Росгвардин Нохчийчохь йолчу урхаллин белхахошна дина 144 петар йолу цIа даздаран хьолехь схьадоьллучохь.

Россин Къоман гвардин эскарийн Къилбаседа Кавказан округ йиллина диъ шо кхачарна лерина дара и цIа даздаран хьолехь схьаделлар.

Кхузахь вовшахкхеттачарна хьалха къамел деш В.Золотовс билгалдаьккхира Россин кхечу регионашкахь санна Нохчийн Республикехь а эскаргIуллакххошна хIусамашца кхачояран гIуллакх дика а, эвсаре а кхочушдеш хилар.

«Тахана вай Росгвардин Нохчийн Республикехь йолчу урхаллин балансе дIалуш ю Соьлжа-ГIалин уггаре а хазачу меттехь йина белхан 144 петар. Шеко йоццуш, оцу керлачу хIусамашна чукхелхаш болчеран ирсе яххьаш бIаьхойн дахаран-Iеран хьелаш тодарехьа бечу белхан уггаре а лакхара мах хадор ду. ТIаьхьарчу шерашкахь аьтто баьлла эскарийн социальни инфраструктура кхиорехь дикка гIуллакхаш дан. Цу юкъахь ду керла хIусамаш яр а», – элира цо.

Россин Къоман гвардин эскарийн Федаральни службин директора иштта баркалла элира Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна эвсаре цхьаьнагIуллакх дарна а, цхьаьнагIуллакх даран белхан дикалла лакхара хилийтарна а.

«Суна даггара баркалла ала лаьа Кадыров Рамзанна дуккха а шерашкахь цхьаьна беркате болх барна, социальни дахаран-Iеран дерриге а гIуллакхашкахь Росгвардина гIо дарна. Цуьнан гIуллакхашкахь дахаре ерзош ю Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ойланаш, кхочушбеш бу цуьнан сатийсамаш. Ткъа цуьнан хIокху шарахь 70 шо кхаьчна. Ден весеташ кхочуш а деш, АхьмадХьаьжин Рамзана жигара дакъалоцу регионера кхерамазалла чIагIъярна тIехьовсийна йолу федеральни а, ткъа иштта, шена проекташ кхочушъярехь», – бохура цо.

Шен рогIехь Кадыров Рамзана а баркалла элира Золотов Викторна а Росгвардин дакъошна хаддаза терго ярна а, иштта гIолацарна а.

Цо билгалдаьккхира эскаргIуллакххойн хIусамийн хьелаш тодаро цара гIуллакх даран дикалла лакхаяккхарна гIо деш хилар.

«Тахана вай схьадоьллуш ду Росгвардин урхаллин белхахошна а, церан доьзалшна а дина бегIийла хьелаш долу исс гIат долу цIа. ХIинца вайн белхахойн аьтто хир бу парггIат садаIа а, шайн доьзалшца цхьаьна аьхначу петаршкахь хан яккха а. Цо гIо дийр ду царна шайн белхан декхарш кхин а дика кхочушдан, ткъа церан доьзалшна хаалур ду шайн хьокъехь пачхьалкхо гIайгIабеш хилар, уьш тешам боллуш кханалерчу дийне хьуьйсур бу. Со тешна ву вайн белхахоша кхидIа а шайн болх жоьпаллица кхочушбийриг хиларх а, мел чолхе а декхарш кхиамца кхочушдийриг хиларх а. Къоман гвардин эскарш – Россин юкъараллехь синтем хилийтаран чIагIо а, конституцин дIахIоттам ларбаран закъалт а ду», – элира цо.

Цул тIаьхьа Р.Кадыров а, В.Золотов а хьаьжира Ханкалахь Цхьаьнатоьхначу эскарийн тобанна юкъахь декхарш кхочушдечу СОБР-н а, ОМОН-н а белхахошна йинчу керлачу модульни юкъарIойлашка.

Цул сов, В.Золотовс пачхьалкхан совгIаташ делира Росгвардин Нохчийчохь йолчу урхаллин гIуллакх дарехь билгалбевллачу белхахошна.

Россин Президентан Путин Владимиран Указаца РФ-н ФСВНГ-н НР-н урхаллин хьаькаман заместительна Мартынов Даниилна «БIаьхаллин хьуьнаршна» орден елира, «За отвагу» мидалца совгIат дира Росгвардин белхахошна Хизриев Адамна, Эдилов Тимирланна, Арсиев Мохьмадна, Хусиев Махьмудна, Магомадов Жебирна, Мантуев Iаьлвина.

Д.АНАДЕВ
№73, товбецан (сентябрь) беттан 25-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: