Кадыров Рамзан: «Уьнах лардалархьама уггаре а хьалха Роспотребнадзоро бохург дан деза»

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Соьлжа-ГIалахь йоккха кхеташо дIаяьхьира. Цигахь дийцаре дира Нохчийчуьра эпидемиологин хьал.

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира оцу хьола тIехь, хьалха а санна, жоьпаллин службаша терго латтош хилар а, кхера оьшуш хIумма а цахилар а.

Цо дийцарехь, коронавирусан ун дIасадаржарна кхерам хIинца а болуш бу. Цундела юкъараллехь леларан бакъонаш ларъян еза, хьал гал ца далийта.

«Уггаре а хьалха кхочушдан деза Роспотребнадзоро бохуш дерг. Ткъа цо доьху социальни яккъаш (дистанци) ларъяр, дуккха а адамаш гулделлачу метте, хьашто ца хилча, цагIертар. Коронавирусана дуьхьал прививкаш йиначарна а ун хьакхадаларна кхерам бу. Делахь а, вакцина яр бахьана долуш, стага COVID–19 атта лов, цунна кхин хало ца хуьлуш, ницкъ ца хуьлуш дIа а долу и ун», – бохура регионан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цо, иштта, билгалдаьккхира Россин регионашна юкъахь вакцинаци ярехь Нохчийн Республика хьалхарчарах цхьаъ хилар.

Нохчийчуьрчу бахархойх 65,64 процент болчара яйтина вакцинаци. Кхузткъа шарал тIехбевллачу баккхийчарах 71,3 процент болчара яйтина прививкаш. Махкахь а уггаре а лакхара гайтам бу иза а.

«Оцу хьоло тешаво бахархоша, кхета а кхетта, коронавирусана дуьхьал вакцинаци яр хаьржина хиларх. ХIинцале 645 эзар стага яйтина вакцинаци», – тIетуьйхира Кадыров Рамзана.

COVID–19 цамгар йолуш 755 стаг ву регионехь. Царах больницашкахь (стационарехь) дарбанаш дойтуш 346 стаг ву, амбулаторни дарба дойтуш – 409.

ДIадаьллачу дийнахьбусий (дуьйцург товбецан 20-гIа де-буьйса ду) оцу уьнах 2 стаг кхелхина. Пандеми юкъаяьлчахьана кхелхинарг 568 стаг ву. Цунах лаьцна дийцира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Кхеташонан жамIаш а деш, Кадыров Рамзана Нохчийчохь коронавирусан ун даржарна дуьхьал къийсам дIабахьаран кадечу штабан куьйгалхочунна, республикин Правительствон Председателан заместительна Усмаев Вахитана тIедиллира вакцинаци йиначу адамийн а, вакцинаци яр лоьраша цамагийначу адамийн а спискашка хьажар.

Цул сов, регионан Куьйгалхочо республикин бахархошка юха а кхайкхам бира шайн могашалла а, шайна гонаха болчеран могашалла а ларъярхьара, цIеналлин бакъонаш ларъяхьара, баккхийнаш ца хилча а хIума доцчу зIенех, уьйрех ларбахьара, аьлла.

Д.АНАДЕВ
№72, товбецан (сентябрь) беттан 22-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: