Вайн республикин Iаламан тIаьхьалонийн а, гонахара хьал лардаран а министерствон пресс-службин белхахоша хIокху деношкахь хаам бина ведомствон белхахоша а, говзанчаша а 940 гектар латта агротехникин цIандар а, Iалашдар а дIадаьхьна хиларан хьокъехь.

Цара бина белхаш тIехьовсийна бара хьаннашкара ораматаш а, хьаннийн культураш а дика, сиха кхиийтарна.
Белхаш биначара диттийн яккъаш техникица самсаехира, якъаелла дечигаш, кондарш дIаехира, къаххех паргIатдехира синтарш, кхидолу гIуллакхаш дира.
Дуьззина схьаэцча, хIокху шарахь республикин 16 лесничествехь хьаннашкахь агротехникин белхаш дIабаьхьна. ЦIандина хьуьнан фондан латтанаш, хьаннийн культураш дIайийна йолу меттигаш.
И белхаш дIабаьхьна «Хьаннаш ларъяр» федеральни проектан а, «Экологи» къоман проектан а гурашкахь.
«Хьаннийн культураш агротехникин Iалашъяран а, цIанъяран а гIуллакхаш дIадоладо къух дала ма доладеллина, аьлча а, оханан (апрель) баттахь. Иза юкъахдоккхуш а, сацош а дац товбецан (сентябрь) бутт тIекхаччалц. Сиха кхуьуш йолчу бецаша, къаххаша синтарш хIаллакдан тарло, «са а дукъдина». Вуьшта аьлча, луьста евллачу бецаша а, къаххаша а синтаршна оьшуш йолу тIуналла а, маьлхан серло а, йовхо а ца кхочуьйту. Цундела оха леррина терго латтайо хьаннийн культураш кхиорна тIехь. Белхаш дIахьо хьаннийн культурийн хенашка хьаьжжина. Къоначу культурийн тидам алсам бо, уьш кест-кеста Iалаш а еш, хьаннийн культураш цIена а йолуш, новкъа хIума а доцуш бIаьстенан муьре яхаро таро ло церан кхиар сиха а, могаш а хилийта, церан хьал дика хилийта», – бохура хьуьнан бахаман департаментан директора Тушаев Лоьмас.
Цундела цара къаьсттина тидам тIебохуьйту гуьйранна хьаннаш агротехникин цIанъяран а, Iалашъяран а белхашна.
С.АЛЬВИЕВ
№72, товбецан (сентябрь) беттан 22-гӀа де