Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетехь бойцовски «Ахмат» клубан спортан керла зал схьайиллина. Иза хIинца оцу клубан филиал ю. Хууш ма-хиллара. Нохчийн Республикехь даима а езна спорт. Вайн махкахой бевзина дуьненахь хуьлучу спортан тайп-тайпанчу къийсадаларшкахь баьхначу толамашца.
Дика спортсмен кхион дика хьелаш оьшу, цхьа шеко а йоцуш.ТIаьхьарчу шерашкахь спортсменийн а, тренерийн а къоьлла хаалуш ца хиллехь, амма тIемаш хилар бахьанехь технически бух боьхна бара. Спортан учрежденеш, залаш, клубаш, комплексаш дукха мел хуьлу а, цигахь къона спортсменаш дукха мел хуьлу а иза къоман могашаллина дика дуй хуучу Нохчийн Республикин куьйгалло шен тидамехь латтош ду спортан хьелаш тодаран гIуллакх.
ТIаьхьарчу 10 шарахь иттанаш тренажерни залаш, фитнесклубаш схьайиллина вайн республикехь. «ХIара санна спортан зал схьаеллар, студенташна хилла ца Iаш, тхан университетан хьехархошна а доккха хазахетар ду. Цу тIе цаьрца тренировкаш «Ахмат» клубан инструкторша йийриг хилар а кхаъ бу. Иштта кхузахь дуьненахь гIарабевлла бевзинчу спортсменаша кест-кеста «мастер-класс» гойтур ю», – элира уьш университетан ректора Таймасханов Хьасана.
Спортан керла зал Соьлжа-ГIалин хьалхарчу микрорайонехь схьайиллина, Соьлжа-ГIалин пачхьалкхан мехкадаьттан технологически университетан, «Ахмат» бойцовски клубан а ницкъашца.
Зал дерриге а хьелаш долуш кечйина ю. Спортан гIирсаш, мел оьшург долуш ду. Зал схьайоьллуш дакъалаьцначу кхузза Олимпийски чемпиона, ялхазза дуьненан чемпион а Сайтиев Бувайсара дийцарехь, «Ахмат» клубан дерриге а хьелаш ду хIинца тоьлла спортсменаш кхион. Иштта, зал схьайоьллуш дакъалецира дуьненахь а бевзачу спортсменаша Курбанов Лечас, Эдилов Iабдул-Карима, Умиев Зелимхас.
Спортан зал даздаран хьолехь, схьаеллар цIен аса хадоран ламастаца хилира. Керлачу рингашна тIехь шайн говзалла гайтира «Ахмат» клубан спортсменаша. Залан чоьнашка бIаьрг тухуш чекхбевлира хьеший.
«Тахана спортан зал схьайиллина ца Iаш, спортан туш схьайоьллуш ду вай. ХIара беркате, доккха гIуллакх Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана вайн республикин кегийрхой могаш, шайна а, нахана а пайдехь болуш кхион лаарна дайтина ду. ХIара зал, спорт езачу хIоранна а хир ю», – элира Хь.Таймасхановс.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Авторан сурт
№ 66, шинара, 16 июнь, 2015 шо