Россин Премьер-лигин кхушарахьлерчу чемпионатан 9-чу турехь Нохчийчуьрчу «Ахмат» клубан футболисташ Дона-тIерачу-Ростоверчу «Ростов-Арена» стадионан майданахь «Ростов» командин футболисташца левзира.

Кхул хьалхарчу турехь Соьлжа-ГIалахь «Краснодар» командин футболисташна жамI 0:2 долуш эшна болу вайн футболисташ Дона-тIерачу-Ростове дикка кечам а бина, шайна хьалха толам баккха Iалашо а хIоттийна бахара. Цундела, цхьаьнакхетаран хьалхарчу миноташкахь дуьйна, цара коьрта тидам тIебахийтира, шайн ков лардарца цхьаьна, ира контртIелатарш дарна. Оцу тактико уьш кхиаме а кхачийра — матчан 36-чу минотехь «Ахматан» защитника Лысцов Виталийс геннара чIоггIа буьрка туьйхира «Ростовн» кевнехьа.
Иза сацо гIоьртинчу хIусамдайн кевнахочун Пасъяков Сергейн и дан аьтто ца белира. Цуьнан карара а яьлла, кевна чу яхара буьрка. Иза цецваьллачохь висира.
Цул тIаьхьа жимма жигарабевлира «ростовхой». Цхьадика, «Ахматан» ницкъ кхечира церан жигаралла лахъян. Ткъа шолгIачу тайман юьххьехь кхиаме кхечира «соьлжагIалахойн» полузащитник Коновалов Игорь. Иза иштта хилира… «Ростовн» футболиста шайн гIуданан майданахь ловзаран бакъонаш кIоршаме талхийча, арбитра «Ахматан» футболисташна бакъо елира 11 метран билгалонера гIуданан тохар дан. И тохар говза кхочушдира И.Коноваловс.
Цхьаьнакхетар иштта чекхдала тарлуш дара суьдахочо матчана тIетоьхначу хенахь «Ростоверчу» Полоз Дмитрийн вайн кевна чу гол тоха аьтто ца баьллехь. Цу тайппана, жамI 2:1 долуш, хьошалгIахь толам баьккхира «Ахматан» футболисташа.
Исс тур чекхъяьллачул тIаьхьа, шен чоьтехь 12 очко а йолуш, иссолгIачу меттехь ю вайн команда.
Хь.САЙДАЕВ
№74, товбецан (сентябрь) беттан 29-гӀа де