Соьлжа-ГӀалин мэрин пресс-службо бинчу хаамца Соьлжа-ГӀалин Ахьмадан кӀоштахь А.Айдамировн цӀарах урам (юкъара йохалла 0,77 километр ю) кхоччуш тобаран белхаш дӀаболийна.

МУП «СУДМС-н» белхахоша а, говзанчаша а «Кхерамза а, дика а некъаш» проектан гурашкахь беш бу и болх.
Билгалдаккха догӀу и урам карарчу шарахь тобан леринчарах цахилар. Оцу урамехь ю: Арсанов Денин цӀарах йолу школа а, «Нана» берийн беш а. Цундела цигахь дуккха а машенаш хуьлу. И бахьана долуш, урам тобар мехала ду.
Айдамиров Абузаран цӀарах болчу урамехь 5, 300 квадратан метр керла силаман чкъор дуьллур ду.
Цул сов, урамехь пурхала 2 билгало а йийр ю, машенаш чехка ца хехкийта. Юкъарчу суьртаца догIуш долу гӀашлойн некъаш а дохкур ду. Урамех 5 дехьа-сехьаволийла а йийр ю. Цул тӀаьхьа, некъан 58 билгало а хӀоттош, берзор бу некъ тобаран белхаш.
Юкъараллин тергамхой а кхечира урам тобарехь дӀахьош болчу белхашка хьовса. Цара билгалдаьккхира, шайна тӀедехкинчу декхаршца белхалой дика ларош хилар.
ТӀедогӀучу 2022-чу шарахь «Кхерамза а, дика а некъаш» проектан гурашкахь, Соьлжа-ГIалара кхин а 15 некъ тобийр бу.
И некъаш школашна а, берийн бошмашна а, иштта, социальни кхийолчу объекташна а тӀедоьлхуш ду.
Оцу некъашкахь, силаман чкъор хийцина а ца Ӏаш, некъан билгалонаш а, светофораш а хӀиттор ю, иштта, гӀашлойн некъаш а дохкур ду.
А.КАНТАЕВ
№74, товбецан (сентябрь) беттан 29-гӀа де