Харжамашкахь толам баккхарца Кадыров Рамзан декъалвина Мухьаммад бин Зайед Аль Нахайана

Абу-Дабин тIаьхьалонан элас, Iаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн Эскаран Коьртачу буьйранчин заместитела Мухьаммад бин Зайед Аль Нахайана телефонехула декъалвина Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан регионан куьйгалхо харжаран харжамашкахь толам баккхарца.

«Цо республикин куьйгалхо харжаран харжамашкахь толам баккхарца декъалвира со, иштта, республикин бахархошка салам-маршалла а делира. Цо дийцарехь, Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнгахьа рекордан проценто кхажтасаро а, харжамашка дуккха а адамаш дахкаро а тоьшалла до халкъан тешам боккха хиларна. Цо тIетуьйхира республикин куьйгалла – ерриге а вайн команда – хьакъ долччу кепара Кадыров Ахьмад-Хьаьжин некъа тIехь къахьоьгуш хилча кхин жамIаш хуьлийла а цахилар. Мухаммад бин Зайед Аль Нахайана нийса тидам бина ма-хиллара, республикин берриге а кхиамаш нехан тешам лекха хиларан закъалт ду», – язйина регионан Куьйгалхочо.

Кадыров Рамзана дийцарехь, Шайх Мухьаммад бин Зайед Аль Нахайан леррина терго еш ву Нохчийн Республикин социально-экономикин кхиаран, регионо оцу декъехь бохучу кхиамех иза даггара самукъадолуш а ву.

«Цул сов, цо билгалдаьккхира ОАЭ-хь, мичча а хенахь, со варе сатесна а, суна оцу исбаьхьачу пачхьалкхан «неIарш» даима а йиллина а хилар. Хьул ца деш аьлча, цу тайппана дешнаш хазаро самукъадоккху, иштта, суна хазахийтира Нохчийн Республике ша вогIур ву алар цо дицдина цахилар а. Цо хаам бира аьтто баьллачухула ша Соьлжа-ГIала вогIург хиларан хьокъехь», – хаам бина Р.Кадыровс.

Регионан Куьйгалхочо билгалдаьккхира «шеко йоццуш, Мухьаммад бин Зайед Аль Нахайан дуьненаюкъарчу тIегIанан хьекъале а, лараме а политик хилар».

«Бусалба нехан барт бархьама а, Iаьрбийн пачхьалкхийн барт чIагIбархьама а цо дуккха а гIуллакхаш до. Дерриге а дуьненахь гуш ду иза. Суна даггара баркалла ала лаьа ларамечу воккхах волчу Вешина. Нохчийн Республика кхиарехь цо лаьцначу гIоьнан вайн халкъо пусар до. ОАЭ-н гIоьнца регионехь дIахьочу проекташа лаккхара жамIаш гойту», – яздина Р.Кадыровс.

Л.ИБАЕВА
№74, товбецан (сентябрь) беттан 29-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: