Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дакъалецира Россин Президента Путин Владимира регионашкахь хаьржинчу куьйгалхошца видеоконференцин рожехь дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь.
Кадыров Рамзана пачхьалкхан Куьйгалхочунна дIахаийтира вайн республикехь «Единая Россия» партигахьа харжамхойх 96 процент болчара кхаж тесна хилар, КПРФ-гахьа – 0,7 процент. Ткъа ЛДПР-хьа кхаж теснарш кхин а кIезиг бу.
«Владимир Владимирович, суна баркалла ала лаьа хьуна ахь тхуна мел динчу диканна, уггаре а хьалха вай толам баьккхина террористашца хиллачу тIамехь. Регионехь мел хилла берриге а дика хийцамаш – социально-экономикин кхиорехь, гIишлошъярехь, дуккха а кхечу дакъошкахь – ахь дакъалацар а, гIо дар а бахьанехь хилла бу. Цундела халкъо партин харжамашкахь дукхах долу кхаьжнаш «Единая Россия» партигахьа тесна. Харжамхойн президенте болу и тешам оха ларбийр бу халкъана, пачхьалкхана тешаме хиларца, хIора дийнахь доггаха къахьегарца», – элира Кадыров Рамзана.
Пачхьалкхан Куьйгалхочо билгалдаьккхира харжамийн кампани дIахьочу хенахь хилла жамIаш бакъ ца хета тарлуш хилар.
«Амма, стенна тIера дIадоладелира хьаьжча, хьо республикина коьрте хIоьттича Соьлжа-ГIала муха яра гойтучу суьрташка хьаьжча, Соьлжа-ГIали юккъе, «Минутка» майдана хьаьжча, кхечуьнга хьаьжча, хIинца олхазарш лелачу лакхенера Соьлжа-ГIале хьаьжча, кхаж тасаран жамIаш кхеташ ду. Хьан куьйгаллица динчух дукхахдерг нохчийн халкъан похIманца а, къинхьегам безарца а дина ду. Ас хьо декъалво харжамийн жамIашца. Иштта, со тешна ву хьо хIинццалц диначунна тIехь соцург цахиларх а, кхидIа а хьалхахьа гIуриг хиларх а, нохчийн халкъо хьан лоцуш долчу гIоьнна тIе а тийжаш, цара харжамийн кампани дIахьочу хенахь гайтина долчу. Ас декъалво хьо!», – билгалдаьккхира В.Путина.
Бан безачу балхахь хьокъала боллу кхиамаш бохийла а, дика жамIаш гойтийла а шена лууш хилар дIахаийтира цо цхьаьнакхетаран дакъалацархошна.
Д.ПАШАЕВ
№74, товбецан (сентябрь) беттан 29-гӀа де