Нохчийн Республикин могашаллаӀалашъяран министерствон ЦӀийдоттаран республикин станци, донорийн болам кхиорехь къахьегарна, Ерригроссин «Соучастие» ӀХ-чу конкурсан совгӀатан лауреат хилла.

Нохчийн Республико шолгӀа меттиг яьккхина конкурсан «ЦӀийн донорство а, COVID-19 а» номинацехь.
Донорийн болам кхиорехь къахьегарна Ерригроссин «Соучастие» совгӀат 2010-чу шарахь чӀагӀдина ду могашалла кхиоран Къоман фондан дӀадолорца.
ЦӀийдоттаран декъехь болх бечу жигарчу тобанийн а, учрежденийн а гӀолацаран Ӏалашонца юкъадаьккхина совгӀат ду иза.
«Къаьсттина тидам тӀебохуьйтуш ала лаьа Татаева Зураа куьйгалла дечу ЦӀийдоттаран станцин балхах а, цуьнан белхахойн хьуьнарех а лаьцна. Станцин белхан лаккхара мах хадор ларамаза дац. Билгалдаккха деза, 2020-чу шарахь бинчу белхан жамӀашца, Нохчийн Республика ерриге а Къилбаседа Кавказан федеральни округехь а еккъа цхьа субъект яра пандемин муьрехь цӀий гулдаран болх лах ца беш къахьегнарг. 2020-чу шарахь 2019-чу шарахьчул а 2% сов цӀий гулдира станцис. Донорийн могӀарш тӀедузуш вайн республикин ерриге а организацеша жигара дакъалецира. Цундела республикин медицинин учрежденешкахь цӀий цатоаран проблема ца хилира», – билгалдаьккхина Э.Сулеймановс.
Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министра декъалйина вайн республикин ЦIийдоттаран станцин коллектив а, республикин медицинин учрежденешна оьшучу барамехь цӀий латтош болу донорш а Ерригроссин «Соучастие» ӀХ-чу конкурсан совгӀатан лауреат хиларца.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
№74, товбецан (сентябрь) беттан 29-гӀа де