«Грозный Молл» бахархойн хьашташна схьаелла кечъеш ю

ХIокху беттан 5-чохь билгалдоккхур ду Соьлжа-ГӀалин де. Оццу дийнахь бахархошна схьайоьллур ю Россин Къилбехь а уггаре а йоккха йолу махлелоран а, самукъадаккхаран а «Грозный Молл» туш.

Цунна урхалла деш консалтинган дуьненаюкъара «Colliers» компани ю.

Цуьнан векалша билгалдоккху «Грозный Молл» чохь Соьлжа-ГӀалина а, Нохчийчоьнна а керла йолчу брендийн туьканаш хирг хилар, шайн могӀарехь «Reserved», «House», «Cropp», «Mohito», «Sinsay», «LC Waikiki», «РивГош», «Henderson», «Снежная Королева», «М.Видео», «Bork», «Elisabetta Franchi», кхиерш а йолуш.

Арендаторшца жигара а, эвсара а болх дӀабахьар бахьана долуш, туьшан махлелоран майда 80 процентана дIалаьцна хилар а хаийтина «Colliers»-н векалша.

Цара дийцарехь, цу чохь 200 сов туька а, фудкорташ а, кафеш а, ресторанаш а, масех залах лаьтта кинотеатр а хир ю.

Кинотеатран хьокъехь аьлча, Россехь а дуьххьарлера Spheraкинозал хир ю цунна юкъахь.

«СМАРТ БИЛДИНГ» юкъараллин коммерцин директора Чайкин Алексейс билгалдаьккхина шопингана а, садаӀарна а, самукъадаккхарна а «Грозный Молл» башха меттиг хилар, Нохчийчоьнан а, луларчу субъектийн а бахархошна уггаре а тайначу туьшех иза хирг хиларх ша тешна хилар а хаийтира цо.

№75, эсаран (октябрь) беттан 2-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: