Хасбулатова Елизавета нохчийн меттан хьехархо ю. 1966-чу шарахь 10 класс чекхъяьккхина цо Грозненски районерчу Девкар-Эвларчу №1 йолчу школехь. Елизаветас нохчийн мотт Iамо болийра 4-чу классехь ша доьшуш йолуш. Царна нохчийн мотт хьоьхуш вара Алиев Мовлад (Дала гечдойла цунна). ЙоI школехь доьшуш йолчу хенахь, массо а хьехархочунна хьоме дешархо хилла. ХIора урокехь хаьттинчунна жоп дала кийча а хуьлура иза. Къийсадаларшкахь Сих-сиха совгIатан меттиг ца йоккхуш ца Iара Елизавета. Ша баьккхина болу толам Мовладан толам лорур цо, хIунда аьлча, нохчийн матте кхуьнан безам бахийтинарг иза вара. Елизавета школа чекхъяьккхинчу шарахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институте деша яхара. 2 шо дIадаьллачул тIаьхьа заочни отделене яла дийзира, нана цомгаш а хилла.
1968-чу шарахь сентябрь баттахь, кхеран хиллачу директора Дурдиев Ахьмада хьехархой оьшу аьлла кхайкхийна школе балха дIайигира иза. 4-гIа класс елира цуьнга. Цу школехь 23 шарахь болх бира цо. Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIалин школе нохчийн меттан хьехархо яхара иза. Цу школера директора ша ГIалгIайн махка дIавоьдуш, Елизаветина тIедиллира директоран декхарш кхочушдар. 16 шарахь директоран болх бира цо.
2008-чу шарахь юха а хьехархочун болх бан йолаелира. Ша болх бечу шерашкахь дикачу агIор шен цIе яккхийтира цо. 2001-чу шарахь дуьххьара Сийлаллин грамота елира цунна. Елизаветина уггаре а деза совгIат хета вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана 2007-чу а, 2013-чу а шерашкахо баркаллин кехаташ далар.
Л.ЮСУПОВА
№ 66, шинара, 16 июнь, 2015 шо