Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министра Сатуев Бекхана дийцина дукхахьаштийн туьшашкахула (МФЦ) банкротство яран лехамех лаьцна.
«Шен ницкъе дирзинчу законо луш бакъо ю иза. ХӀинццалц суьдехула бен ялуш йоцу и банкротство, хӀинца дукхахьаштийн туьшашкахула а, маьхза а яло. ТӀера декхарш дӀадаха луучара, Россин экономикин кхиоран министерствос хӀоттийначу кепаца дехарш шаьш Ӏаччу меттехь чудала деза. Нохчийн Республикехь и дехарш дукхахьаштийн ерриге а туьшашкахь схьаоьцуш ду», – хаийтина министра.
Иштта, банкротство кечъяран мур 6 баттах лаьтташ хилар а билгалдаьккхина цо.
И хан чекхъяьллачул тӀаьхьа, Сатуев Бекхана тӀе тидам ма-бахийттара, бахархойн кредиторашна хьалха долу декхарш дӀадохуш ду.
Оцу хьокъехь алссам хаам Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министерствон Административни реформин а, финансийн политикин а, экономикехь пачхьалкан лехамаш кхочушбаран а департаменто лур бу: 8(8712)29-60-96 номерца а, depfin2014@mail.ru адресца а.
№75, эсаран (октябрь) беттан 2-гӀа де