Лаьттан декъана а, хӀусамна а кехаташ хила деза

Ша пайдаоьцучу декъана а, хӀусамна а тоьшаллин кехаташ дахийтинчу вахархочун еккъа цхьа бакъонаш хилла ца Ӏаш, цаьрца цхьаьна декхарш а ду. Бакъонашна юкъа дакъа долахь хилар а, лаьттах пайдаэцар а догӀу.

Дакъа доладаьккхина ларалуш ду нагахь цунна йина межевани а елахь, иза кадастран чоьтехь а, Росреестрехь бух болуш а делахь.

Цул тӀаьхьа и дакъа шен долахь дита а, кхечунна дӀадала а, дохка а, аренде дала а бакъо ю долахочун.

Ткъа декхаршна юкъа хӀун догӀу? Оцу декъах Ӏалашонца боггӀучу декъехь бен пайдацаэцар, шен-шен хенахь цунах налогаш дӀаялар, иза цӀена латтор.

ХӀунда оьшу дакъа доладаккхар? Цунах пайдаэца а, цу тӀехь цӀа дан а, цунна тӀе коммуникацеш ялон а бакъо хилийтархьама.

ХӀокху деношкахь оцу балхана тӀе шозза тидам бахийтина вайн республикехь: цкъа – республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, шолгӀа – республикин Премьер-министра Хучиев Муслима.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дийцарехь, Ӏаламан бохамех зенаш хиллачу бахархошна, нагахь шаьш пайдаоьцучу декъана а, хӀусамна а кехаташ цаьргахь дацахь, Ӏедалан гӀо-накъосталла дан бакъо яц.

Ткъа Министрийн кабинетан куьйгалхочо хаийтира дакъош долахь хиларан тоьшаллаш цахиларо Россин Президентан дӀадолорца дӀаболийначу балхана новкъарло еш хилар – доларчу хӀусамийн дозанашка кхаччалц маьхза газ йигаран болх бу буьйцург.

№75, эсаран (октябрь) беттан 2-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: