Россин Федерацин Президента Путин Владимир Владимировича Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна, Россин Турпалхочунна Кадыров Рамзанна совгIат дина «Даймехкан дуьхьа хьуьнарш гайтарна» III-чу даржан орденца.
И мехала совгIат цунна дина Нохчийн Республика социальни-экономикин кхиорна йоккха хазна юкъайиллирна а, дуккха а шерашкахь доггаха болх барна а.
«Пачхьалкхан Куьйгалхочо дина и совгIат ас тIеоьцу сайна елла уггаре а мехала аванс санна. Владимир Владимирович, ас доза доцу доккха баркалла боху хьуна сайн тидам барна а, сан белхан оццул лакхара мах хадорна а. Суна доккха ирс ду пачхьалкхан а, политикин а сийлахь-воккхачу гIуллакххочун командехь болх бар. Суна кхин цкъа а билгалдаккха лаьа хьан муьлхха а тIедиллар кхочушдан муьлхачу хенахь а, даима а со кийча хилар. Уггаре а коьртаниг, суна бевза хьан лехамаш а, лаамаш а, хьежамаш а. Цундела хала дац суна сайна тIедехкинчу декхаршца ларон», – яздина Кадыров Рамзана соцсетехь йолчу шен агIонехь.
«Сайн берриге а ницкъаш, ерриге а таронаш вайн Даймахкана–Россина, халкъана, вайн Президентана Путин Владимирна, муьтIахь волуш гIуллакх дарна дIаяла кийча ву со! Владимир Владимирович, баркалла хьуна!», – тIетоьхна Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Р.Кадыровс.
Д.АНАДЕВ
№75, эсаран (октябрь) беттан 2-гӀа де