Соьлжа-ГӀалахь Дешархойн ерригроссин олимпиадин мур дӀаболабелла

Соьлжа-ГӀалин мэрин Дешаран департаментан пресс-службо хаам бо Дешархойн ерригроссин олимпиадин регионан мур тӀекхачаран хьокъехь.

Олимпиада дӀаяхьаран коьрта Ӏалашо а, декхарш а дешархойн кхоллараллин хьуьнарш билгалдахар а, лингвистикин декъехь дечу Ӏилманан-талламан гӀуллакхе церан безам бахийтар а, похӀма долчу берашна гӀо-накъосталла дар а, дешархошна шайн дахарехь оьшур йолу говзалла харжарехь некъ гайтар а ю.

Ерригроссин олимпиадин регионан муьрехь дакъалоцур ду Нохчийн Республикин школийн 4–11-чуй классашкарчу дешархоша.

Олимпиадехь хаарш зуьйр ду: франкахойн мотт, оьрсийн мотт а, литература а, нохчийн мотт а, литература а, физика, экологи, астрономи, искусство, математика, истори, географи, ингалсан мотт, физически культура, нохчийн мотт, немцойн мотт, технологи, ОБЖ, обществознани, информатика, ИКТ (ерриге а – 23) предметехула.

Олимпиадин дахарехь дуьххьара Дешаран «ПохIма а, кхиам а» фондаца хиллачу бартан гурашкахь школин олимпиадин мур хӀокху предметашкахула: математика, физика, биологи, хими, астрономи, информатика, ИКТ дистанционни кепехь дӀабахьа лерина.

Оцу зерашкахь пайдаоьцур бу Дешаран «Сириус» туьшан хаамийн «Онлайн-курсаш» ресурсех а, «Интернет» сетерчу Дешаран-хаамийн порталах а.

Ламасте дирзина ма-хиллара, регионан муьран жамӀашка хьаьжжина, хила езаш йолу баллаш яьхна толамхой а билгал бохур бу.

Юха оцу дешархоша дакъалоцур ду Ерригроссин олимпиада ерзоран муьрехь.

З.ХИЗИРОВА
№75, эсаран (октябрь) беттан 2-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: