Некъан-транспортан бохамаш

баханчу беттан 21-чу суьйранна Шелан кIоштарчу Мескер-Эвлара БелгIатой-Эвла боьдучу некъан 663-чу километрехь некъан-транспортан бохам хилла.

Бохам хиларан бахьана ду 1993-чу шарахь вина волчу Дагестанан вахархочо урхалла деш хилла «ВАЗ-21124» машен а, 1997-чу шарахь вина волчу Нохчийн Республикин вахархочо урхалла деш хилла «Газель» машен а вовшахкхетар.

Бохам хиллачохь «ВАЗ-21124» машен чохь хилла виъ стаг кхелхина, царна юкъахь – цхьа шо кхаьчна бер а.

Еза чевнаш йина волу ший а водитель больнице вигина.

Нохчийн Республикин Прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис шен тергоне эцна и гIуллакх. Прокуроран тIедилларца къастош ду некъан-транспортан бохам хиларан бахьанаш а, дакъалацархойн бехкан барам а.

***
Гуьмсан кIоштарчу Ойсхара юьртана юххехь, 1981-чу шарахь вина волчу Гуьмсе гIалин вахархочо урхалла деш хилла «Мерседес Бенц» машен а, 1985-чу шарахь йина йолчу Лаха-Нойбоьрарчу яхархочо урхалла деш хилла «Тойота Камри» а вовшахкхетар бахьана долуш, некъан-транспортан бохам хилла.

Бохамехь «Мерседес Бенц» машенан водитель а, ши пассажир а лазийна.

Къастош ду некъан-транспортан бохам хиларан бахьанаш а, дакъалацархойн бехкан барам а.

***
Россин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Шелковски кIоштехула йолчу отделан белхахоша оперативни-профилактикин гIуллакх дечу хенахь 1988-чу шарахь вина волчу оццу кIоштан вахархочо урхалла деш йолу «КИА ФБ» машен сацийра.

Кехаташ толлучу хенахь къаьркъанан хьожа яр бахьана долуш, цунна тIедиллира медицинин тоьшаллех чекхвалар.

Хаамийн базехь талламаш бинчул тIаьхьа гучудаьлла, иза хьалха а, вехна а волуш, машенна урхалла дар бахьана долуш, КоАП РФ-н 2-чу декъан 12.26 статьяца жоьпе озийна хилар.

РФ-н УК-н 264.1 статьяца нийса а догIуш зулам дарна бехке лерина водитель.

№75, эсаран (октябрь) беттан 2-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: