Кадыров Рамзан юха а Нохчийн Республикин Куьйгалхочун даржехь чIагIвина

Нохчийн Республикин Парламентан даздаран кхеташо дIаяьхьира Соьлжа-ГIалахь. Кадыров Рамзан Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дарже хIоттарна лерина яра иза.

Цигахь дакъалецира Бахрейнан, ОАЭ-н, Палестинин, Иорданин лаккхарчу даржашкарчу наха.

Иштта, Соьлжа-ГIала веанера Россин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолу векал Чайка Юрий, СКФО-н субъектийн куьйгалхой, Россин Пачхьалкхан Думин депутаташ, кхиберш.

Кадыров Рамзан декъалвеш телеграммаш яхкийтира Россин Правительствон, Федеральни Гуламан, Пачхьалкхан Думин векалша, федеральни министраша.

Иштта, декъалдаран кехаташ дахкийтира дозанал арахьарчу мехкийн цIеяхханчу политикин гIуллакххоша. Царна юкъахь ву Бахрейнан Паччахь Хьамад Бин Iиса Аль Хьалифа, Абу-Дабин паччахьан тIаьхьенех эла, ОАЭ-н Герзашца кечбинчу ницкъийн Лаккхарчу Коьртакомандующин заместитель Шайх Мухьаммад бин Зайед Аль Нахьайан, Палестинин Президент Махьмуд Iаббас.

Кадыров Рамзана даздаран хьолехь пачхьалкхан шина маттахь – нохчийн а, оьрсийн а – чIагIо йира.

Цо элира: «ЧIагIо йо Нохчийн Республикин Куьйгалхочун декхарш кхочушдеш стеган а, гражданинан а бакъонаш а, маршонаш а лара а, ларъян а, Россин Федерацин Конституци ларъян, Нохчийн Республикин Конституци Iалашъян а, ларъян а, дукхакъаьмнех долчу халкъана тешамца гIуллакх дан».

ЧIагIо йинчул тIаьхьа Нохчийн Республикин Парламентан спикера Даудов Мохьмада Кадыров Рамзане дIаелира Iедалан билгало – Нохчийн Республикин Куьйгалхочун шен штандарт – байракх.

Кадыров Рамзана шен къамелехь довзийтира кхочушдан дезаш долу декхарш. Ша аьлча, боккха тидам тIебохуьйтур бу экономика, юьртан бахам кхиорна, дешаран, могашаллаIалашъяран дакъошна.

Цул сов, цо дийцарехь, «ийман ца хилахь, доьзалан институт ца хилахь, нохчийн гIиллакхаш а, культура а ца ларъяхь, вай уггаре а мехалчех девр ду – шех «нохчалла» олучу къоман башхачу шатайпаналлах».

Кадыров Рамзана дагадаийтира нийсса 18 шо хьалха, 2003-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 5-чу дийнахь республикехь хиллачу харжамашкахь халкъо шайн кхаьжнаш Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентехьа Кадыров Ахьмад-Хьаьжехьа муха дIаделира.

«ЧIогIа чолхечу хенах чекхдевлла тхо. Ахьмад-Хьаьжас шен даржехь болх дIаболийра бахархойн барам ахмиллионал кIеззиг алсам болчу муьрехь. Йоццачу хенахь оха меттахIоттийра гIаланаш а, ярташ а, дIаехира тIеман лараш. ХIинца болх беш ду бахархойн дахар тодарна тIехь. Тахана республикехь Iаш ву цхьаъ ахмиллион сов стаг. И терахь алсамдолуш ду! Цундела тхан хьалхара декхар ду алсамбовлуш болчу бахархошна белхан меттигашца, оьшуш йолчу инфраструктурица кхачояр. Цуьнга тхо кхочур а ду», – билгалдаьккхира цо.

Даздарш дIахьочу хенахь Кадыров Рамзан декъал а вира, цунна дика мел дерг хила шена лууш хилар а хаийтира Чайка Юрийс. Россин Президентан Путин Владимиран декъалдаран адрес а дийшира цо.

Цу тIехь пачхьалкхан Куьйгалхочо хоуьйтура шен хьомечу лаьтте цIеначу даггара болчу безамо, къинхьегам безаро, Нохчийчоьнна хьалха лаьтта декхарш эвсаре кхочушдан лууш хиларо Кадыров Рамзанна республикин а, ерриге а Россин а зовкхан дуьхьа доккхачу жоьпаллица болх бан гIодийриг хиларх ша тешна хилар.

Ю.Чайкас иштта билгалдаьккхира кхочушдаран Iедалан регионан а, федеральни а органаша дина гIуллакхаш бахьана долуш Нохчийн Республикехь тахана а дикачу агIор баккхий хийцамаш хуьлуш хилар социальни-экономикин а, юкъараллин-политикин а дакъошкахь.

«Школаш, берийн бошмаш йина, медицинин, спортан гIишлош йина, кхоччуш шайн куц хуьйцуш тодина культурин цIенош. Яккхий проекташ кхочушйина промышленни декъехь а, юьртан бахамехь а.Боккха ницкъ тIебохуьйту инвестицийн бегIийла хьелаш кхолларна, туристаш тIеберзорна оьшу инфраструктура хилийтарна. Долийна дIадолораш кхиорца цхьаьна тахана мехала ду бахархойн дахарна керла аьттонаш хилийтар, белхазаллин барам лахбарехьа дерриге а дар, хIора стагана шен таронех пайдаэца аьтто бар. Хьалха лаьтта декхарш даккхий ду. Уьш кхочушдархьама юкъараллин а, Iедалан а цхьаалла чIагIъян еза. Юкъарчу жамIан дуьхьа болх бан беза. Тахана иштта дIахIоттийна а бу Нохчийчоьнан Iедалан а, урхаллин а болх», – бохура цо.

Даздаршкахь къамелаш дира иштта СКФО-н субъектийн куьйгалхоша, СКФО-н Iеламнехан Кхеташонан председатела Кадыров Хож-Ахьмада, Нохчийчоьнан бусалбанийн динан урхаллин председатела Межиев Салахьа.

Кхарачойн-Чергазийчоьнан Куьйгалхочо Темрезов Рашида Кадыров Рамзанна совгIат дира Кхарачойн-Чергазийчоьнан лаккхарчу совгIатца – «КхарачойнЧергазийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» орденца.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун нанас Кадырова Несин Айманис шен кIентан бIанакъосташна баркалла элира хаьржинчу некъана муьтIахь хиларна, шайн Даймахкана тешаме хиларна, къинхьегам безарна, лаккхара корматалла хиларна.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службин хаамех пайда а оьцуш, зорбане кечйинарг – Д.АНАДЕВ
№76, эсаран (октябрь) беттан 5-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: