Карара шо дIадоладелчахьана Нохчийн Республикехь 184 цIеялар нисделла. Ткъа и цIеялар дукха хьолахь адам дехачу меттехь хилла. МЧС-н белхахошна шайн болх жоьпалле буй хаарна а, уьш тIах-аьлла хьовзарна а цара 59 стаг кIелхьараваьккхина цIарах хила тарлучу бохамех.
Россин Федерацин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу коьртачу урхаллин хьаькама Яхъяев Руслана шен къамелехь билгалдаьккхира дукха хьолахь, бахархоша ларъян езаш йолу бакъенаш цаларъяр бахьана ц1ераш йовлуш хилар. «Нохчийчохь, кхечу регионашкахь санна, цIеялар нисло. Проценташца аьлча, 90 процент гергга цIераш йовлар адамийн бехк болуш хуьлу. Кху шарахь цIеялар бахьана долуш 5,2 миллионна зен хилла, ши стаг кхелхина. Ткъа цу кепара болу бохамаш вайн республикехь ца хилийтархьама оха бахархошца кест-кеста цIарна дуьхьал профилактика ярна лерина йолу мероприятеш йо. Цундела, хьалха Делан къинхетамца, шолгIа профилактикин белхаш дар бахьана долуш чекхдаьллачу шарахьчул кIезиг бохамаш, зен хилла Нохчийн Республикехь. Иштта, шо-шаре мел долу цIарах долуш долу зулам лахлуш лаьтта. Оцо гойту МЧС-н белхахой шайн белхаца дика ларош хилар. Дала мукъ лахь, хIора дийнахь тхайн хаарш лакха а дохуш, Нохчийчохь цIарах долуш долу зулам дIадаккхарехьа къахьега кийча ду-кх тхо», – элира Яхъяев Руслана.
Билгалдаккха догIу, цIеяйъархоша шайн болх лаккхарчу тIегIанехь беш хилар. Уьш шайга кхайкхинчу йоццачу хенахь дIакхачар а, шен хеннахь цIеяйъар а бахьана долуш хийла стаг бохамах кIелхьараваьккхина.
А.АБДУЛАЕВ
№ 66, шинара, 16 июнь, 2015 шо