Баханчу беттан 17–19-чуй деношкахь дӀабаьхьначу дукхатӀегӀанерчу харжамашкахь Нохчийн Республикин Парламентан V-чу кхайкхаман депутаташ а хаьржира республикин бахархоша.

Харжамийн жамӀашца нийса а догӀуш, 41 депутатах лаьттачу Парламентан 37 мандат «Единая Россия» партина кхечира, ткъа 4 мандат «Коммунистическая партия Российской Федерации» а, «Справедливая Россия – Патриоты – За правду» а шина партина кхечира.
Парламентехь 37 мандат кхаьчначу «Единая Россия» партин могӀаре керла 12 депутат веана. Царах ву: Джафаров Нурдин Ӏаьрби; Ахиядов Валидан Нурди; Абдурешидов Ӏаднанан Валид; Ханариков Ӏабдул-ВахӀидан Муса; Кашлюнов Владимиран Дмитрий; Махмутхажиев Вахин Имам-Ӏела; Хаджиев Зелимхан Артур; Эдилов Ӏелин ИбрахӀим; Закриев СоӀипан Сахьаб; Ельсаев Ӏабдул-Хьамидан Ӏаламахьад; Цабаев Мурадан Ризван; Закриев Ӏийсан Джамалай.
«Справедливая Россия – Патриоты – За правду» партин 2 мандат керлачу шина депутатана кхаьчна: Айбуев Султанан Бекханна а, Хаджимурадов Нажадан Ӏийсана а.
«Коммунистическая партия Российской Федерации» партин 2 мандатах 1 кхаьчна керлачу депутатана: Тамаев Сейфудин Бадруддина.
Халкъалахь муха бевзаш бу керлачу депутатех цхьаберш?!
— Хаджимурадов Нажадан Ӏийса – Соьлжа-ГӀалин мэр лаьттина хиларца;
— Джафаров Нурдин Ӏаьрби – Веданан кӀоштан къеда лаьттина хиларца;
— Ахиядов Валидан Нурди – Веданан кӀоштан префект лаьттина хиларца;
— Абдурешидов Ӏаднанан Валид – Хьалха-Мартан кӀоштан префект лаьттина хиларца;
— Ханариков Ӏабдул-ВахӀидан Муса – Эна-Хишкан кӀоштан префект лаьттина хиларца;
— Кашлюнов Владимиран Дмитрий – НР-н къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель лаьттина хиларца;
— Махмутхажиев Вахин Имам-Ӏела – Шуьйтан кӀоштан Чоьхьарчу гӀуллакхийн отделан хьаькам лаьттина хиларца;
— Закриев СоӀипан Сахьаб – Гуьмсан кӀоштан префект лаьттина хиларца;
— Ельсаев Ӏабдул-Хьамидан Ӏаламахьад – «Вайнах» ПТРК-н директор лаьттина хиларца.
№77, эсаран (октябрь) беттан 9-гӀа де