Республикин вице-премьера – юьртан бахаман министра Закриев ИбрахӀима тӀеийцира Израилера делегаци.

Билггал аьлча, Нохчийчу баьхкинарш LTD «LR-GROUP» холдинган векалш бара.
Делегацина куьйгаллехь вара оцу компанин Даьхнилелоран комплексашна проекташ хIитторан а, уьш лелоран а отделан хьаькам Офер Рами.
Цхьаьнакхетарехь дуккха а гӀуллакхаш дийцаре дира, муьлхачу дакъошкахь цхьаьнагӀуллакх дан мегар ду а толлуш.
ЦӀеначу хӀух долу даьхнилелор вайн махкахь кхиоран Ӏалашонаш йовза лууш бара хьеший. Иштта, даьхнилелоран сурсаташ дахар кхиор а, дохнна планаца вакцинаци яр а дара цара деллачу хаттаршна юкъахь.
Оцу цхьаьнакхетаран жамӀашца билгалделира Нохчийчоьнан юьртан бахаман министерство а, LR-GROUP а цхьаьнагӀуллакх дан Ӏалашо йолуш хилар.
№77, эсаран (октябрь) беттан 9-гӀа де