Хучиев Муслим Нохчийчоьнан Правительствон Председателан даржехь чIагIвина республикин Парламенто

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дакъа а лоцуш Нохчийчоьнан пхоьалгIачу гуламан Парламентан шолгIа кхеташо хилира.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикин Правительствон Председателан дарже хьалхатеттина Хучиев Муслиман кандидатура къобалйира депутаташа, массара а цуьнгахьа кхаж а тосуш.

«Правительствон Председателан даржехь волуш Мохьмадан Муслима тоьлла жамIаш гайтина. Цундела суна, хаза а хеташ, кхул тIаьхьа а цуьнца болх бан луур дара. Ткъа вайн дан дезарш дуккха а ду. Къаьсттина тидам тIебахийта беза социальни, экономикин, бахамаллин гIуллакхаш кхочушдарна. Уьш Правительствос Iуналла а деш кхочушдан дезаш ду. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин командин векал ву иза, оцу некъана тешаме а волуш, хьанал къахьоьгуш а ву. Федеральни центраца дика юкъаметтигаш ю цуьнан. Цо корматаллица куьйгалла а деш, регионан правительство лаккхарчу гайтамашка кхаьчна», – элира Р.Кадыровс.

Шен рогIехь М.Хучиевс баркалла элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна.

«Ас дозалла а до, со ирсе а ву шун командехь хиларна. Ахь тхан къинхьегаман лаккхара мах хадоро кхин а хьуьнаре къахьега декхар во. Оха дийнахь а, буьйсанна а болх бийр бу хьалха хIиттийна дерриге а декхарш кхиамца кхочушдархьама», – элира цо.

Иштта, депутаташ реза хилира Тумхаджиев Iийса Нохчийн Республикин Правительствон Председателан хьалхарчу заместителан дарже хIотторна. Цуьнгахьа шайн кхаьжнаш дIаделира берриге а депутаташа.

Кадыров Рамзана дийцарехь, I.Тумхаджиев корматаллин а, адамаллин а тоьлла амалш йолуш ву.

«Тумхаджиев Iийса вайна массарна а дика вевзаш ву. ХIокху ерриге а хенахь ша дикачу агIор гайтира цо. Уггаре а коьртаниг – иза хьанал стаг ву. Цунах тешо мегар ду белхан уггаре а чолхе дакъа, тIаккха тешна хила а мегар ду хьалха хIиттийна декхарш цо кхиамца, дикаллица кхочушдийриг хиларх, Iийса дика доттагIа, ваша, бIанакъост ву», – бохура Р.Кадыровс.

I.Тумхаджиевс Нохчийчоьнан Куьйгалхочунна баркалла элира шена тешам баларна.

«Лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан, ахь тешам балар суна доккха дозалла ду. Оцу даржехь хила ахь белла тешам ларбан сайн ницкъ кхочург хиларе сатуьйсу ас. Вайн халкъан а, кхуьуш а, хазлуш а йолчу республикин а зовкхан дуьхьа къахьега кийча ву со», – элира цо.

Цул сов, депутаташ реза хилира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан заместителан – Россин Федерацин Президент волчохь Нохчийн Республикин юьззина бакъонаш йолчу векалан дарже Таймасханов Бекхан хIотторна.

Р.Кадыровс лаккхара мах хадийра оцу даржехь Б.Таймасхановс бинчу белхан.

«Вайн республикел арахьа Таймасханов Бекхана дина гIуллакхаш, уггаре а лакхара мах хадош, хастон хьакъ ду. Цо юххера зIенаш тесна нохчийн кегийрхой, студенташ болх беш а, доьшуш а болчу регионашца. Къаьсттина дика вовшахтуьйхира цо регионашкара болх карантин йолчу хенахь. Со тешна ву цо кхул тIаьхьа а оцу даржехь болх бийриг хиларх», – элира Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

Депутаташ реза хилира Закриев ИбрахIим Нохчийн Республикин Правительствон Председателан – юьртан бахаман министран дарже хIотторна. Цуьнан кандидатурехьа шайн кхаьжнаш дIаделира берриге а депутаташа. Р.Кадыровс дийцарехь, ша къона велахь а, И.Закриевс дика кхочушдо шена хьалха хIиттийна декхарш.

«Шех мел хала болх ташорах, ИбрахIим тIехдика лараво шена тIедиллинчу гIуллакхца. Даима а дика жамIаш хуьлу цуьнан. Цо тIехдика гайтина ша юьртан бахаман министран даржехь. Иза чIогIа хала болх бу, дикачу жамIашка кхачархьама кIад ца луш, хаддаза къахьега дезаш. Вай тешна ду цо юьртан бахаман кхиар керлачу тIегIане доккхург хиларх», – бохура Р.Кадыровс.

Цу тIехь шен болх чекхбаьккхира республикин Парламентан шолгIачу кхеташоно.

Д.ПАШАЕВ
№77, эсаран (октябрь) беттан 9-гӀа де

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: